ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герзаца хиллачу наха дIавигина нохчо лоьхуш ю Украинин полици


Нохчийчуьрчу Девлетгирин-Эвлара 58 шо долу вахархо Айдамиров Султанбек лоьхуш ю Украинин полици, хаам бо Кавказ.Реалиино. Болчу хаамца, и стаг вайна стохка Лахьанан-баттахь.

Меттигерчу МВД-н хьастано дийцарехь, Айдамиров лаьцнера Одессехь, тIеман барзакъ доьхна хиллачу наха. Цара иза дIавигина меттиг хууш яц.

Полици шеко йолуш ю иза динарш Украинин лерринчу сервисийн белхахой хила мега аьлла, иза Оьрсийчоьне дIавала Iалашо йолуш.

Кавказ.Реалиино яздарехь, Украинехь бехачу нохчашна хууш ду Айдамиров лачкъийна хиларх лаьцна. Болчу хаамца, Айдамиров лоьхуш вара Оьрсийчуьрчу ницкъаллин структураша ахча даккха дагахь стаг закъалтана лацарна. 2000-чу шарахь дуьйна иза Одессехь вехаш хилла.

Меттигерчу суьдо лаьцна хилла Айдамиров, Оьрсийчу цунна экстрадици ян дагахь, амма гучудаьлла иза Украинин махкахо хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG