ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

110 000 стаг электросерло йоцуш висина Нохчийчохь


110 эзар сов Нохчийчуьра вахархо висина Iалам карзахдаларна электросерло йоцуш. Цунах лаьцна хаам бо Оьрсийчоьнан энергетикан министралло.

- Кхаарин Iуьйранна 4 сахьт даьллачу хенахь дуьйна хенан хIоттаман хьелаш талхарна (онда догIа, 25 километр секундехь мох) аварин кепахь ток яллар сецаш ду электросерло йоькхучу меттигешкахь, - аьлла ду цу хаамехь.

Карарчу хенахь ток йоцуш юьсуш ю Хьалха-Мартанан а, ТIехьа-Мартанан а, Гуьмсан а кIошташ. Цу тайпаниг хилахь а аьлла кхоьллина сервисаш болх беш ю ток ялар меттахIоттош.

Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, цхьайолчу ярташкахь ондда догIа тоьхна ладарш чудевлла хIусамашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG