ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iайшина гIо дан концерт елла ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

500 гергга стаг веанера ГIалгIайчохь дIаяьхьначу гIо-накъосталлин концерте. Цигахь гулдина ахча дIахьажор ду Москох Iилманан-талламан берийн хирургин институтан фонде, хаам бо ТАСС агенталло.

Цунах доккхаха долу дакъа дойур ду хIара бутт болалуш гергарчу зудчо йиттинчу ГIалгIайчуьрчу йоIанна гIо дан, хаам бина цу республикан культуран министро Базоркин Микаэла.

7 шо долу Iайша Товбеца-беттан 5-хь Москох клинике дIакхачийнера дегIа тIехь йина дуккха а еза чевнаш а йолуш. И чевнаш цунна йина аьлла лаьцна ю йоIан дейиша. Цунна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх.

ТIаьххьара болчу хаамца, йоIан аьтту куьг дIадаккха ца оьшуш дисаре сатуьйсуш дарба лелош бу хIинца а лоьраш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG