ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Денна эскархой бу Шемахь леш, вайна ца хаьа-кх"


Елин Сергей
Елин Сергей

Шемахь беллачу оьрсийн эскархойн гергарчара дов латтош ду тIеман министраллаца, цара догIу ахча сецорна. Стохка Стигалкъекъа-баттахь Шемарчу Дейр-эз-Зор провинцехь боьлхучу тIемашкахь байина оьрсийн эскархой. Виъ валарх тIечIагIдина тIеман министралло. Беллачул тIаьхьа совгIаташ дина царна, амма оцу мидалшца дIакхачон догIу ахчанаш гергарчарна дIадала дуьхьал хилла. Шо даьллачул тIаьхьа тIеман гарнизонан кхело сацамбира, оцу доьзалшна компенсаци йогIуш ю аьлла. Амма, тахана тIеман министралло кхиамца толам баьккхина кхелан сацамна дуьхьаъеллачу апелляцин инстанцехь.

ТIеман министраллан агIо лаьцначу апелляцин инстанцино шен вердикт тIеэцале хьалха лакхара лейтенант хиллачу Елин Сергейн хIусамненаца Татьяница цхьанакхеттера "Сибирь.Реалии" порталан корреспондент.

Читахь ехаш ю Татьяна. Воккхахволу кIант берийн бешара схьаэца дезарна, жимма хьеела еара иза. Дима кху шара волу берийн бешара, дуьххьара школе ваха кечвеш ву иза. Ткъа жимахволу Рома кху гурахь берийн беша гIур ву. Iаламат хала дара цунна меттиг баккха, дуьйцу Татьянас. КIентан да Шемахь эскархочун декхарш кхочушдечу хенахь велла хилар а тидаме ца эцнера хьаькамаша. "Меттиг бац" олура цуьнга хIоразза а.

- Бер дуьненчу даларцане рогIе хIотта деза Читахь. Тхайна меттиг ма ийшши рагI лаьцнера оха а. Тхол хьалха дуккха а бара. Шемахь гIуллакхдинчеран берашна цхьана а кепара гIоли юй-те хаа гIоьртира со. "Шема язйина яц тхоьгахь, дан амал дац" олура соьга дешаран комитетехь.

Меттигерчу телеканалехь сюжет гайтинчул тIаьхьа ситуаци хийцаелира.

- "Альтес" олучу меттигерчу телехьожийлера баьхкира тхо долчу, берийн бешаца тхан лаьттачу проблемех сюжет ян дагахь. Со кхеташ яц, цхьа тамашен нисделир-кх хIара, дешаран министраллера хаам кхечира тхоьга сюжет Iораяьллачул тIаьхьа, "шемахошна меттиг карийна" аьлла. Хаамийн гIирсашкахь дийца ма даьккхи меттиг карийра-кх царна. 300 гергга сов стаг вара тхол хьалха рагI ларъеш, хаац, и сюжет ца йинехь меттиг бер барий а тхуна, - дуьйцу Татьянас.

"Хьо дийна ца хилча, хьуна стенна оьшу совгIатан ахча?"

ТIеман министралле латкъам кечбеш гIо дира Елина Татьянас а, цуьнан вашас Сергейс а Шемахь байинчу салтийн – Михайлов Игоран а, Вершинин Дмитрийн а, Кравченко Вячеславан а гергарчарна. Дийнна шарахь листира суьдо гIуллакх.

- Кхелан сацам тхоьгахьа боллушехь, тIеман министралло дуьхьало еш апелляци чуелира. Ахча дац шайн аьлла, яздинера цара. Уьш и ахча дала декхар хилча, хIунда дац церан ахча? ДIа ладоьгIча, сацам тIехь билгладаьккхина ца хилла, и ахча веллачун гергарчарна дIакхачо деза аьлла. Дийна вац иза, тIаккха цунна совгIат оьшуш дац, изза боху-кх цара. ХIинца президентан администраци кехат яздан дезар ду-те, кхелашкахула яьлла ца лела, - боху Татьянас.

- ТIеман министраллан векалца кхелехь цунах лаьцна дийцирий ахь?

- Кхел йирзинчул тIаьхьа цо элира соьга: оха шуна дуьхьало йийр яц, кхелан сацам кхочушбийр бу. Кхелан сацамна дуьхьал латкъамаш бийр бац бахара. ХIетте а апелляци чуелира. Малхбален Сибирскан гонашкарчу тIеман кхелехь луьстур болуш бу къовсам. Кхеташ яц со цара лелочух.

- Мел ахча ду цара дала дезарг?

- Къонахаллин мидалшца совгIаташ дина массарна а, ткъа сан цIийндена Кутузовн цIарах совгIат мидал елла. Массарна а дIасадекъначу ахчан барам кеп-кепара бу. 158 600 дара тхуна кхачон дезарг. Халахета суна, сил къиза и ахча цаьргара даккха дезаш хиларна. Могуш, дийна цIабаьхкинчарна хIинцале а дIасадекъна. Хьо дийна вац, тIаккха ахь хIун до ахчанах? Мидал елла хьуна, кхи хIун оьшу хьуна бохуш санна. ЧIогIа новкъа ду суна. Iуьллуш ду и эчиг, цунах хIун пайда бу? Оцу ахчанца йоккха йома латор яра ас. Чохь цхьаъ оьцур яра, берашна а хьажор дара.

"Шемахой дIабахна, - ткъа аш шайна хеттарг де"

Доьзалца цхьана даьхначу суьртех яьккхина ю ЕлингIеран хIусам. Ларамца лардеш ду совгIаташ а. Ю цаьрца Шемахь елла ши мидал, Шемарчу тIамехь дакъалацарна елларг а, цуьнца цхьана догIу ахча дала дуьхьал болу, Кутузовн цIарах веллачул тIаьхьа елларг а.

- Горный олучу меттигехь хилира совгIаташ дIасадалар (тIеман дакъано куп тоьхна Читара меттиг). Оцу тIеман декъан территори тIехь иэсан аллей схьайиллира, чурт дуьйгIира. ХIоранна а цIе а йоккхуш, хьахийра массо а. Стенд тIехь гайтира, Шемахь тIом боьдучу хенахь хилла ситуаци. Иштта хилли-те иза боккъал а бохуш, доллучух а тешаш а яц со.

– ХIун ду стенд тIехь яздина?

- Iуьйранна гIамаран дарц сецначул тIаьхьа хиллера тIелатар боху. ХIорш 18 хилла, дийцарехь, кхарна тIелеттарг 40 сов стаг ву. Дуьхь-дуьхьал кхетта уьш.

Кхин дIа йоьлхуш, дийца ницкъ хуьлу Татьянин.

- Хала хетарг хIун ду, вай цигахь хьехамчаш санна ларар. Вай цигахь цхьана а меха ма дац. ГIап йолчахь вайнаш ларбан безаш ма хиллера шемахойн тIемалоша. Оцу буса а ларбинера уьш, амма кIелхьарбовла аьтто хилла церан. Вайнаш байина. ХIора денна дойуш ма ду цигахь бераш, вайна хоуьйтуш дац-кх.

Караулехь лаьтташ хиллачу шемахоша ха дитарх Татьяне дийцина цуьнан цIийндеца цхьана хиллачара.

ТIеман министраллан официалан верси ишта ю: "Дейр-эз-Зор провинцехь лаьттачу Iедалхойн артиллерин батарейна тIелетта буьйса юккъе йоьллачу заманчохь масех террорхойн тоба. Оьрсийчоьнан эскархошца цхьана Шеман тIемалоша дуьхьало йина оцу тIелатарехь. Цхьана сахьтехь гергга лаьттина тIом. 43 террорхо а, церан 6 герзах йоьттина машен а хIаллакъян ка яьлла эскархойн.

- Стенна тIехь тIом беш вара хьан цIийнда?

- Гаубица яра цуьнгахь. Мотокхоссархо вара иза ша, амма иза сиха Iемаш, дерриг а довза лууш вара. Йоццачу хенахь даржехь а лакхаваьккхинера иза - батарейн лакхарчу эпсаран даржехь вара иза.

Тхойшиъ интернетехь девзина дара… 2009-чу шеран ГIуран-баттахь. Шина шарахь цхьана Iийра тхойша, цул тIаьхьа ловзар хIоттийра охашиммо. Шен 16 шо кхаьчхьана Благовещенскехь тIеман лакхарчу доьшийлехь вара иза. Деа шарахь эскаран гIуллакх дира цо, цул тIаьхьа кхин а кхаа шарахь. Лейтенант вира цунах. ТIаккха эскарехь гIуллакх дар дита лиира цунна, доьзал а болийна. Дозанал арахьа йоккхучу хIуманна тIера ял оьцучу организаци балха хIоьттира иза. Забайкальехь дехара тхо. Юха а эскаре юхаваха лиира цунна.

"ТIаме ваха дуьхьал хилар – эпсарна эхь ду"

Шен куьйгашца цIа дира Сережас тхуна. 2017-чу шарахь иза эскаре юха дIаэцча, тхайн цIа дIадоьхкира оха. Горное олучу меттигехь петар елира тхуна. Кху аьхкенан Мангал-баттахь чудахара тхо оцу хIусам чу. Наггахь бен цIахь ца хуьулура иза. Даим а эскаран гIуллакхна цхьаццанхьа хьежош вара. 2017-чу шеран чакхенехь элира цуьнга: Шема хьажор волуш ву аьлла.

– Аьтто барий дуьхьалвала?

- Оцу хенахь лаамехь а, лааме ца хьоьжуш а дIахьежабора Шема. Реза хир вац ша аьлла, дага а ца деара Сережина. Эскаре хIунда воьду, нагахь тIаме ваха хьо реза хир вацахь?! Бара царлахь дуьхьал берш а, амма тIаккха эскарера дIабовла дезара церан. Цо ша ма аллара, "Эпсарна эхь ду – дуьхьало яр". Стохка Зазадоккху-беттан юьххьехь дIабахара уьш. Цхьа деха дара церан новкъабовлар. ДIавоьду - Iодика а йой, юха суьранна телефон туху, со цIа вогIу, дIадаханза ду тхо олий. ХIора денна бохург санна ишта нислора. Цхьа ши кIира муххале а дIадахара ишта. Ас боху: цул а дIавахна ваьлла велара хьо!

– Телефоанш еттарий аша?

- Ас ца тухура. Даим а цо схьаеттара. Юьхьанца кIиранчохь цкъа тухура, йа шина кIирнах цкъа. Цхьа йорах, тIехь интернет а йоцуш телефон эцнера оха цунна, GPS-ца иза волу меттиг ца лацийта. Совнах къамелаш ма де а олура тхоьга. Стигалкъекъа-баттахь, иза веле хьалха ду-кх иза, хIора денна бохург санна къамелаш дора оха. Марсхьокху-баттахь цIа вогIур ву ша аьллера, амма Стигалкъекъа-беттан 22-чохь кхин а хьалхе, Мангал-баттахь цIахь хир ву элира.

23-чу дийнахь соьга телефон туьйхира Забайкальскерчу сан белхан накъоста Жаннас. Цхьацца дуьйцу охашиммо, иза кхетта хилла, суна хIуммаъ а хууш цахиларх. Дика ду тIаккха аьлла, телефон охьаюьллучу хенахь ас хотту, лаа тоьхнерий ахь телефон. Цо боху, тхоьгахь информаци ю, Сергей вийна аьлла. Ас хоьтту: "Ахь хIун дуьйцу? Шуьга стенгара кхаьчна и хаам?" Сан дегI дегон доладелира.

Жаннин цIийнден Антонан доттагI ву Сережица цхьана эскарехь хилла. Ас селхана ма дина цуьнца къамел! ТIаккха масаьрга а телефонаш етта йолаелира со, Сережица цхьана эскарехь мел хиллачаьрга. Амма масаьрга а суна ма хаийта аьлла хиллера. ХIусамнаношна а, дайшна, наношна а ма хаийта цкъачунна аьлла, дIахьедина хиллера. Хуучара а тхох хьулдина хиллера. Цхьа дей, буьйсий даьхьира ас хьераяьлла. Сережин телефон тIе етта ас. Йоьлху со. Димас, сан кIанта боху: "Мама, хьо хIунда йоьлху? Папина цхьаъ хилла?"

ШолгIачу дийнахь баьхкира соьга хаийта. "Хьан цIинда вийна" элира соьга.

"Цигахь тIом бар гIоле ду тхуна, кхузахь бечул а"

Цхьана кIиранах хьежа дийзира тхан. Москвахь экспертиза йира. Кема лардан Домне дуьхьал даханера тхо. ТIетоьхна догIуш догIа а дара. Даимна а дагалецамашкахь дисина сан и де: кхевсина догIу догIа, мархаш, мокхалла. Мархаш юкъара кема гучу ма делли, сирладелира дерриг а дуьне, малх а кхетта.

Муха дара иза новкъаваккхар?

- Делегаци яра еана, инарла-майор а веанера. Виъ эскархо валийнера, тIаккха дийнна колонница декъий латточу меттиге дIадахара тхо. ТIаьххьара иза ган, цуьнца Iо дика ян лаьара суна. Массара а олура соьга: "Ца оьшу хьуна, ма хьажахьара хьо". ЧIогIа даьгна дара церан декъий – герз чохь а долуш, машен иккхина хиллера церан. Цхьаннан декъах йисина хIума а яцара. Сережин батт евзар йолуш яра, вуьшта…..

Оцу тIаме хьажам муха бара цуьнан?

Цо элира соьга, цигахь тIом бар гIоле ду тхуна, кхузахь бечул а.

Хьуна хIун аьлла хета?

КIорггера цуьнан ойла ян ца лаьа суна. Цигахь ца хиллехь, цхьанхьа кхузахь хир бара и тIом аьлла ю сан ойла. Суна-м ца хаьа, цунах хIун эр ду а. Кхузахь машар бу, ткъа цIийндай дIабуьгу. Иза Шема хьажош ву аьлла, хаам хилча дуьйна яра со саццанза йоьлхуш лелаш. "Хьо стенна йоьлху, со хIинца а цхьанхьа а дIавахна а ма вац" олура соьга цо. Со сацалуш-м яцара, ца йилхича.

"Ши кIант ву- царна да оьшура"

ХIун дара новкъа чомахь Iен а, даха а?! Цхьана шарахь а, 4 баттахь а гIуллакх ди, циггахь дерриг а дIахеди. Дуккха а планаш яра тхан, ши бер, доллу дахар юкъахдели…

Оцу халчу муьрехь гIо хилирий хьуна пачхьалкхера а, эскаран декъера а, цуьнан накъосташкара а?

- ХIаъ, хьайна цхьаъ эшахь – хаийта элира соьга. Горное олучу меттигера кхечухьа со дехьайолчу хенахь цуьнан накъосташа гIо дира суна. Иза веллачул тIаьхьа дала мел деза ахчанаш а схьакхачийра. (Цуьнан жоьпаллера бовлуш (страховка) деллачу ахчанах петар эцна Татьянас". Ахчанаш дацара коьрта, сан ши кIант ву - царна да оьшура.

-ХIоттийна пенси дуй хьуна?

- ХIаъ ду, мича барамехь ду ас ца аьлча мегар дарий? Сережас оьцуш хиллачу алапел а лахара ду.

Тоьий шуна иза?

– Цкъачунна тоьа. Бераш а кегий ду, кхи дIоггара даккхий хIуманаш а ца оьшу цкъачунна. Жимахволчуьнца цIахь ю со карарчу хенахь, балха араяла аьтто бац. Дозанал а арахьа йоккхучу хIуманна тIера ял йоккхучу организаци Сережа балха хIоьттича, цо ша волчу дIайигинера со кехаташца болх бан. Кху шарахь воккхаверг школе вохуьйтуш ву ас, некъал дехьа вала Iамо а деза, жимахверг берийн беша тарван а веза.

– Пачхьалкхера кхи стенга сатуьйсийла ю хьан?

17 шаре бераш довллалц пенси догIу царна. Нагахь 18 шо дуьзначул тIаьхьа институтехь доьшуш хуьлий уьш, денна дIа а лелаш (очно), тIаккха 23 шаре бовллалц лаьттар ду пенси. Я цхьана тIеман доьшийла, я бIатIаьхьа доьшуш хилахь, пенси сацор ду.

– И шиъ эскаре вахийта реза юй хьо?

Воккхахволчу кIентан Димин чIогIа уьйр яра шен деца. 1,5 шо кхаьчча хабар дийца волавелира иза. Автомат ловзош хазахетар цунна, Сережас шеца эскаран декъе а вуьгура иза. Цкъачунна полици гIур ву ша олу цо. Жимахволчун кхетам бац хIинца а, суьрташ тIехь бен ца вевза цунна шен да. Нагахь санна, и шиъ боккъал а эскарехь гIуллакх дан лууш велахь, со дуьхьал хир яц. Шайгга бойтур бу къастам.

PS

Кутузовн мидалца цхьана ахча дала догIу аьлла, хьалхарчу инстанцин сацам Малхбален-Сибирскан гонашкарчу тIеман кхело харцбарх хиъначул тIаьхьа, цкъачунна хьесап данза ю Татьяна, тIеман министраллаца суьдан гIуллакх къуьйсур ду ша, йа дац.

Интервью кечйинарг "Сибирь.Реалии" порталан корреспондент Затирко Андрей

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG