Вуно онда мох а хьокхуш, даккхий догIанаш делхаро зенаш дина Нохчийчохь. Дохийна цIенош а, социалан объекташ а. Мохо хедийна тоькан серий, галъяхна газан биргIанаш, зе дина школашна, дарбанан цIеношна.
Хи доцуш йисина Хьалха-Мартанан а, ТIехьа-Мартанан кIошташкахь цхьамогIа ярташ. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло.
Цо дийцарехь, Хьалха-Мартанан кIоштахь Гехи, Гехи-Чу, Рошни-Чу ярташкахь дохийначу цIенойн терахь хила мегаш ду 350 гергга. Цу кIоштахь зе дина тIекIелдинчу шина цIанна, 4 школина, кIоштан дарбанан цIанна, культуран кхерчана. ЛЭП тоькан серий хедийна 11 эвлахь, галъяхна газанан биргIанаш.
ТIехьа-МартантIехь Котар-Юьртахь зе дина ду 70 цIа, Янди-кIотарахь - 48, ТIехьа-МартантIехь - 3. 6 эвлахь ток яц, билгалдаьккхина Кадыровс.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?