ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъахьовзамехь жима стаг лазийна Нохчийчохь


Некъахьовзам хилла Нохчийчохь Соьлж-ГIалара Шуьйта боьдучу некъана тIехь Пригородное эвлан йистехь. Цигахь вовшахкхетта "КамАЗ" а, "Фольксваген Поло" а машенаш.

И бахьана долуш лазийна ву жимачу машенна урхалла деш хилла 23 шо долу жима стаг. Иза дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу клиникин дарбанан цIийне.

31 шо долу "КамАЗ" машен лелорхо лаза ца веш ваьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG