ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь бераш дIадаьхначу доьзална гIо дийр ду нохчийн омбудсмено Нухажиевс


Нухажиев Нурди

Нохчийчохь адамийн бакъонашкахула векал волчу Нухажиев Нурдис толлуш ду, Венехь Iедалша дIадаьккхина шен 6 беран бер юхадерзош гIо дахьара аьлла Шамсудова ПетIимата дина дехар. Цунах лаьцна хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Шамсудовас дийцарехь, цуьнан йоI Шамсудова Камета шен хIусамдеца а, берашца а Австрехь яха хиъна 2007-чу шарахь. 2018-гIа шо чекхдолуш меттигерчу Iедалша дIадаьхна церан бераш, ден-ненан сих-сиха девнаш дийларо ницкъ бо церан синӀаткъамна аьлла.

Омбудсмено Нухажиевс кхайкхам бина Австрерчу берийн бакъонаш ларъярехула пачхьалкхан политикан департаментан директоре, бераш юхадерзош накъосталла дар доьхуш.

Нухажиевс дийцарехь, да-нана дийна а долуш, Австрин Iедалша кхечу доьзалшка дIалуш ду нохчийн доьзалера бераш. Уьш дIадаха бух бацара аьлла хета нохчийн омбусменна, царна доьзалехь цхьана а кепара ницкъ беш ца хиларна.

Нухажиевс дагайоуьйту берийн бакъонех лаьцна йолу дуьненаюкъара Конвенци. Цуьнца а догIуш, ден-ненан бакъонаш дIаяьхна хилча, бераш дIадала догIуш ду церан юххера гергарчу нахе, боху Нохчийчуьрчу омбудсмено.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG