ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нийса ду дерриг. Амма тIаьхьа ду". Сибрех йогу хьаннаш яйалур юй кеманашца? 


Кочкина Катерина, Ромалийская Ирина, Карара Хан\ Настоящее Время

Шина кIиранах Iийра Iедал Сибрех а, Генарчу Малхбалехь а йогу хьаннаш тергалъеш, маьIна дац уьш яйа гIерта, бохура, ен йолчу харже хьаьжча.

Тахана цIаро лаьцначу хьуьнан барам 3,7 миллион гектаре кхаьчна. ТIаьххьара а сацамбина ТIеман министраллера Красноярске итт-итт кема а, беракема а хьажош, цIерш яйа меттигера эскарш арадаха. Амма хIинца хьал толур дац, тIаьхьа ду, боху эксперташа.

Муха йойъу цIерш

Оьрсийчохь хIора шарахь а юьйлу цIерш. 500 гектар тIера 3,5 миллионе кхоччуш хуьлу йогу хьаннаш. Кхушара цкъа а ца хиллачу барамехь дукха ю уьш.

Федералан агенталло бечу хаамца, Товбеца-беттан 31-чу дийнналц йогуш лаьттачух хьаннех, нах ара а бевлла, йойъуш яцара 3% бен.

Гонах карочу хишца йойу наха цIерш. Наггахь цIе лакъош болу хIур а иэбо хих. ЦIейойъу гIирс букъа тIехь лелабо, цкъа схьаоьцу хи ду 20-25 литр.

ЦIеяйъа оьшу техника йолуш ю хьаннаш йогучу регионашкахь, амма ахча дац цунах пайдаэца. Масала, ИЛ-76 кемано чуоьцу 20 тонна хи, минотехь хи даржадо 1 квадрат метр тIе, цул тIаьхьа доьду рогIерчу рейсе. КIира хьалха а и кеманаш арадахаза дара, Оьрсийчоьнан хьуьнан бахаман урхалло инзаре дукха ю ян еза харж, маьIна дац кеманашца хи детта, бохура.

"Хьовсал шу шаьш: йогучу цIарна лаххара а 500 километр юьстах лаьтта кеманийн база. ДIасалелаш цара хьош долу хи кхин дукха а дац. Оцу Iалашонна кеманаш леладахь, вай доллучу хьолах девр ду", - бохура хьаннийн бахаман урхаллин куьйгалхочо (Рослесхоз) Агафонов Александра.

Кхин цхьа хIума а ду, стенна бина хьем цIерш яйарца бохучух хаа дезаш: 2015-чу шарахь Оьрсийчоьнан жил-Iаламан министралло пачхьалкхерчу регионийн дайшна магийна цIерш, шайна лаахь, яйъа а, ца лаахь, йоггучохь йита а. Федералан центро магош хIума ду "тергоне эцна зона" тIера цIе ца яйъича а мега латтанаш ларар. Оцу зонашкахь нах бац бехаш, яц царна тIехь цхьа а инфраструктура. Масала, Красноярск мехкан доккхах дакъа ду "тергоне эцна зона", аьлча а, хьаькамашна лаахь, тIера цIерш ца яйича а мегаш.

"Тергоне эцначу зонехь" евлла цIерш цаяйъа сацам бина шаьш, олий, кест-кеста сацамаш арабоху, бахархошна бовзуьйту Сибрехарчу регионийн куьйгалхоша. ЦIаро дина зулам терахьашка а дерзадой, хаамаш баржабо, хилла зен ян езаш хиллачу харжал лахара ду, олий.

Кхушара Оьрсийчоьнан жил-Iаламан министралло 25% лакхадаьхна хьаннашкахь бечу балханна хьажош хуьлу ахча. ЦIерш йойъучу хьажо мегаш ахча ду иза. Министралло леррина хьаннашка цIерш йойъучу дакъошна делла 6 миллиард сом. Сибрех хьажийна 737 цIейойъу машен.

"Сурт хаза го, амма пайде ца хуьулу"

Гринписан Оьрсийчуьрчу хьукматаша бахарехь, Сибрехан исторехь цIершна кIел яхана яцара оццул дукха хьаннаш. Оцу хьукматан цIершца къийсалучу декъан куьйгалхочо Куксин Григорийс дийцира "Керлачу Хене" ("Настоящее Время") хIун пайда хир бу шен хенна хьаннаш яйа ца йолош, хIинца и болх юьхьаръэцарх.

– Сабарделаш, сих ма лолаш, "кеманашца цIе яйъа йолийна" бохучух даккхийден. Кеманашца хидеттар – иза хаза хеза кеп бен яц, оцу кепо кIезиг бохьу пайда. ЦIе, нах ара а бохий, цаьрга йойуьтуш хуьлу. Кеманаш нах цIе кхерстачу меттигашка дIакхачон бен ца хуьлу оьшуш дукха хьолехь – хуьлда иза Iамийначу могIархойн, я говзанчийн десант. Кеманаша цIе йойъу сурт хаза го, амма пайда ца хуьулу.

Массех кIира хьалха Iедал меттахдаьллехьара, наха цIерш яйа бигинехь дика дара, хIинца оьшуш дац и кеманаш а. Кеманаша хуьйцур дац хьал, талхор ду мелхо а.

Ярташ, нах беха меттигаш кIелхьара яха бен ца дуьсу кеманашца. Цу тIе, 95% цIерш яйъа гIерта дагахь а дац Iедал, я яйалур йолуш яц уьш хIинца. ДогIанаша бен хуьйцур дац хьал.

Иза дац, хIумма а дан а ца деза бохург. Бахьанаш лело ма дезий. Кеманаш арадахар, эскарш балханна тIеоьзор – иза вуно дика ду, амма тIаьхьа ду", - боху Гринписан векало Куксин Григорийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG