Нохчийчоь кхоалгIа меттиг дIалоцуш ю Оьрсийчохь ВИЧ-ун кхетта бахархой алсамбевллачу регионашна юкъахь. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, "Московский комсомолец" газетана тIе а тевжаш.
ВИЧ-ун кхеттачу керлачу нехан терахь алсамдаьлла цу республикехь 44,3%. Нохчийчохь долчул а чолхе хьал ду ГIалмакхчохь. Цигахь и гайтам алсамбаьлла 53,3%. Ткъа уггар ледара хьал хIоьттина Тывахь - 71,4%.
Къилбаседа Кавказерчу регионех ВИЧ-ун даржарна чолхе хьал хIоьттинчу 10 регионна юкъахь ю ГIебартой-Балкхаройчоь – 30% гергга процент.