ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебартой-Балкхаройчоьнан Лаккхара кхел реза ца хилла Саутиева дIахеца


Саутиева Зарифа
Саутиева Зарифа

ГIебартой-Балкхаройчоьнан Лаrкхара кхел хийца реза ца хилла гIалгIайн юкъараллин жигархо Саути

ева Зарифа талламан изоляторехь латтор хьокъехь Нальчикан гIалан кхело бина сацам. Иза лаьцна латтор ю Гезгмашин-беттан 11-гIа де тIекхаччалц.

ГIалгIайчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахоша лецира Саутиева дIабаханчу беттан 12-чу дийнахь Цунна бехке дуьллуш ду Iедалан векалшна ницкъ бар.

Кхушеран Зазадоккху-бутт чекхболуш Нохчийчоьнца доза билгалдаккхарна реза боцчу нехан Магасехь митинг хилира, Iедалша бакъо а елла. ШолгIачу Iуьйранна иза тасадаларшка йирзира. Митинге арабевллачу наха дуьхьало йира Росгвардин эскархошна а, меттигерчу полицин белхахошна а.

Цу хьокъехь долийначу бехктакхаман гIуллакхехула лаьцна ву маситта стаг. Уьш латтош бу талламан изоляторехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG