ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

5 стаг вийна некъахьовзамехь Ставрополан махкахь


Гайтаман сурт

Адамаш а дойуш, некъахьовзам хилла Марсхьокху-беттан 2-хь Ставрополан махкахь, хаам бо ТАСС агенталло. Дуьхь-дуьхьал кхетта некъахойн автобус а, киралелон машен а.

И бахьана долуш вийна 5 стаг, 14 чевнаш йина ву. Цкъачунна йолчу версица, наб кхетта хиллачух тера ду 59 шо долу автобус лелорхочунна. Иза велла.

Болчу хаамца, карарчу хенахь Апанасенски кIоштан дарбанан цIийнехь реанимацехь ву 3 стаг. Церан хьал кхин вочу агIор хийцаделла дац.

Бисинарш охьабехкина бу дарбанан хIусаман берийн хирургин декъе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG