ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхана хин долучух бIобулуш бац 33,8% Нохчийчоьнан бахархой


Соьлж-ГIала, архивера сурт
Соьлж-ГIала, архивера сурт

Кхана хин долучух бIобулуш бац Къилбаседа Кавказехь ах гергга бахархой. Иза гойтуш бу "Къилбаседа Кавказ" олучу регионашна юкъара юкъараллийн цхьацца гIуллакхаш дӀадолорон центро бина таллам. Цу талламехь дакъалаьцна 3500 вахархочо, хаам бо "Интерфакс-Юг" агенталло.

"Кхана хин долучух бIобулуш дуй шу?" хаттарна "дац" аьлла жоп делла 41,1% респонденто.

Талламо гайтина цу тайпа нах уггар дукха хилар Дагестанехь (77,6% дакъалаьцначу бахархойх). Лакхара ду и терахь ХIирийчохь - 69,4% , Кхарачой-Чергазийчохь а - 57%, ГIалгIайчохь а - 40,8%. Кхана хин долучух бIобулуш бац 33,8% Нохчийчоьнан бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG