ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Адам дер карадирзинчу наха байина уьш". Джемаль Орханан хиллачу хIусамненаца интервью


Шо хьалха Юккъерчу Африкан Республикехь (ЦАР) вийра оьрсийн кхо журналист – Джемаль Орхан а, Расторгуев Александр а, Радченко Кирилл а. Уьш байина зуламхой хIинца а каронза бу. Джемаль Орханан хиллачу хIусамнанас Гордиенко Иринас "Настоящее время" телеканална еллачу интервьюхь дийцина, и зулам официалехь толлуш цахиларх.

ХIун хиллера Юккъерчу Африкехь

Оьрсийн журналисташ Джемаль Орхан а, Радченко Кирилл а, Расторгуев Александр а вийра стохка Товбеца-беттан 30-чу дийнахь Юккъерчу Африкан Республикехь. Ходорковский Михаилан проектца, Юккъерчу Африкехь болчу оьрсийн эскархойх а, "Вагнеран ЧВК" тIемалойх а талламаш беш хиллера уьш, кино а йоккхуш.

2018-чу шарахь Товбеца-беттан 28-чохь Юккъерчу Африкан республикерчу Баги шахьара баьхкира уьш кеманца.

Царна хетарехь, йолах лецначара ЦАР FACA-н къоман эскар Iамочу Беренгон базе кхача лууш хиллера уьш, амма аьтто ца хилира. Цул тIаьхьа Бамбари гIала баха Iалашо яра церан, цигахь "фиксерца Мартинца" цхьанакхета. Видеооператорийн группана вовзийтира и стаг ООН-ан Африкехь векал ву аьлла, ткъа "Мартинан" контакташ журналисташна еллера Пригожинан РИА ФАН-ан белхахочо Романовский Кирилла.

Банга гIалина 180 километр генахь автоматикан герзаш диттина байира уьш. Йа оьрсийн а, йа Юккъерчу Африкан а талламчаша дийнна шарахь къастийна дац, мила ву бехке уьш байарна.

Шо даьллачул тIаьхьа къаьстинарг

Ходорковский Михаила кхоьллинчу "Досье" центро журналисташ байина шо кхочуш рапорт зорбане яьккхина, уьш байарх керла хаамаш Iорабохуш. Цу тIехь чIагIдо:

  • ЦАР-ехь журналисташ кеманчуьра охьабисичхьана царна тIехь латтош терго хилла,
  • Юккъерчу Африкан Республикан ницкъаллийн структурийн векалш а, бизнесхочуьнца Пригожин Евгенийца доьзначу "ЧВК Вгнера" олучу тIеман дакъойн декъашхой а хилла тIаьхьабевлла лелачарлахь,
  • уьш бойучу дийнахь журналисташна тIаьхьаваьлла леллачу полисхочун телефон лаьцна оцу зулам динчу меттиган гена йоццучу мобилан телефонан чардакхо,
  • вовшашлахь телефонашчухула дIасакхехьийтинчу хаамашца Пригожин Евгенийн "африканхойн" структурийн белхахоша дийцаредина, "Iарбойн мотт буьйцу итт бандит" бехке хила тарло динчу зуламна аьлла, фейкан информаци хаамийн гIирсашкахула муха яржор яра-те бохуш,
  • ЦАР-ан ницкъаллийн структурашкахь болчу шайн "хьехамчашна" Пригожинан структураша хIора баттахь эзар доллар ду дехьадоккхуш,

Джемаль Орханехь хиллачу Гордиенко Иринас "Настоящее время" телекале дийцина, уьш байина шо даьллачул тIаьхьа журналисташна-талламчашна къаьстинчух а, официалан талламчийн леларх а.

- Ахь хьайна хьалха Iалашо хIоттийна, талламачашна гIо дан а, ишта "Досье" проектехь журналистан болх бан а? Кхи цхьанца а юкъарлонаш дуй ахь лелош?

- Хала хеташ делахь а, Iаламат чолхе ду оцу талламна гIодан, хIунда аьлча, ЦАР – иза Африка ю, хIинцца дерг хIинцца доцуш пачхьалкх ю иза, цуьнан территори тIехь боьдуш тIом хиларна. Цуьнан дозан 20 процент бен яц пачхаьлкхан куьйгакIел, кхийолу территореш дIалецна меттигерчу локалан зуламан тобанаша.

Бакъду, цхьадолу хIуманаш хаа йиш елхьара, цара чIогIа гIо дийр дара и гIуллакх талларехь, амма цхьайолу лараш яйна, уьш меттахIиттайойла дац. ХIунда аьлча, масала, дукха герзаш диттина байина бу уьш, ткъа гIуллакхан материалашкахь масех патарма бу буьйцург. Тхуна билггал хаьа, уьш байинчул тIаьхьа ши де даьлча и зулам дина меттиг цIе тесна, ягийна цхьаммо. Хьан тесна - хууш дац.

Уггар мехал бахьанаш а, тоьшаллаш а юхаметтахIитто йиш йоцуш дайна ду. Масала, уьш байарх сурт кхуллуш баллистикан экспертиза а йойла дац. ХIунда аьлча, уьш бойучу дийнахь царна тIехь хилла духарш а Москва схьадеана дац хIинца а.

Далундерг хIун ду хьуна аьлча, "ас болх бечу "Новая газетано" а Iаламат доккха гIо латтадо цу гIуллакхан талламбарехь, - тхуна а, "Досье" центран говзанчашна а хетарехь, тхан гергара нах байарна гунахь болчу нехан цIераш билгалъяхар. "ЧВК Вагнера" структураца боьзна нах а, Пригожин Евгенийца цхьана болх бен нах а, Юккъерчу Африкан Республикехь йоккха авторитет йолу нах а бу уьш.

Кху деношкахь "Досье" центро зорбане яьккхина шайн рапортан карлаяьккхина верси. Ас дагадоуьйту, ЦАР-е баханера уьш, дуьххьара бахар нисделира церан уьш байина дукха хан юкъа йолале.

Дийнна шарахь къахьегна цара, хIинцале а дикка жамIаш а дина. Делахь а, ши хаттар дуьсу жоп доцуш: церан тоба юьгуш хиллачу машенан урхалхочух цхьаъ. Тамашен ду, оцу меттигера дийна цуьнан кIелхьарвала аьтто хилар. Иза дIавахийтар. Цо ден тоьшаллаш даим а хийцалуш дара. Шен гех герз тоьхна, чов йинера шена бехира цо юьхьанца, амма цхьана а видео тIехь гуш дац иза. Тешна а, аьшпаш буьтту цо.

Ишта оцу гIуллакхехь гойтуш яц Пригожин Евгенийн структураца йоьзначу ФАН хаамийн агенталлехь болх бечу журналистан Романовский Кириллан рол.

"Досьен" говзанчашна хетарехь, машенан урхалхо а, Романовский а оцу зуламна юкъахь хилла ву. Суна евза и йоллу нюансаш а, факташ а, со а тIетов цара бохучунна, хIунда аьлча, Романовский Кирилла, шофера а санна, юьхьанца дуьйнна мукIарло дарехь шалхаллаш лелайора.

Ма дарра аьлча, цуьнгахула карийнера, Мартин цIе йолу фиксер а. Иза дуьхьал вара оцу Мартинца телефонехула зIе тасийта а, мессенджерехула йозанаш дIасакхехьийта олура цо. Мартинан аз цхьанна а хезна а дац.

Дийнна шарахь дуьйцура Романовскийс, шена дага ца догIу, цуьнан цIе муха яра а, ишта кхи дIа дерг а дага ца догIу бохуш. ТIаккха цIеххьана дагадеанчу цо ФАН агенталло лаьцначу детективе дийцина, шеггара уьш байарх таллам дIа а хьош. Сан йоллу ойланца бу Радченко Кириллан а, Расторгуев Александран а дай, наной а. Оха дукхазза дийхира талламчашка, юха левахьара Романовский бохуш. Амма цхьа резабоцуш тесна буьту цара тхан лаамаш.

- Ахь дийцир-кх Романовскех а, Мартин цIе йолчу фиксерах а. Хьо а тешаш юй, и Мартин бохург боккъал а ву аьлла? И вуьйцу стаг ву аьлла, тешна ю хьо?

- Яц, хIинца ца теша со. Изза боху "Досье" центрехь а. Фиксер цкъа а хилла вац, и боллу нах кечбина, боцу нах бу. "Досьена" карадаьхкинчу документаш тIехь а, шоферан а, меттигерчу полисхочун а, оцу зуламна бехкеболу кхиболчийн а, Мартинан а мобилан телефонийн биллинган анализца гучудаьлла, и нах кIелхIиттийна, боцу нах буй. Цхьана дена гина вац цкъа а и Мартин.

Юьхьанца иза голландхо а ву, ООН-ан Африкерчу мисси юкъахь ву бехира Романовскийс. "Досьен" специалисташа дукха лерина, кIорггера талламш дIабаьхьира Голландехь бехачу цуьнан хенарчу ах бахархошлахь, массо а кепара лийхира цара иза, амма йа ООН-ехь а, йа кхийолчу Романовскийс хьехийнчу цхьана а структурехь а и стаг кара ца вира. Цхьанна а вевзаш а, йа вуьйцуш хезна а ца хиллера и Мартин.

Ткъа хIинца дIахьедо Романовскийс, дерриг а дагадеана шена, Мартин – францхо ву, Юккъерчу Африкан Республикано лоьху террорхо а ву аьлла. Францин ЧВК-ра ву иза, Ходорковскийн тIедилларца байина цо журналисташ, провокаци а йина, Юккъерчу Африкан Республикехь Оьрсийчоьнна дIатаръяла новкъарло ярхьама.

ХIунда аьлча, машаран процесс цигахь тоян гIерта Оьрсийчоь, ткъа Франци дуьхьал ю. Цундела Францин къайлахчу сервисаша йина првокаци яра иза боху цо. ХIинца хIара дийца юкъадаьккхина, ткъа юьхьанца дуьйна ФАН агенталло, оьрсийн талламчийн органаша а санна, юьйцург цхьа верси яра - Iарбойн мотт буьйцучу зуламхоша къоладархьама байина уьш бохуш. Ткъа яйнарш мобилан телефонаш а, Кирилла ЦАР-ехь суьрташ даьхна хилла камера а, ахча а ду, бакъдерг аьлча, дукха ахча ца хиллера цаьргахь.

Кхийолу цаьргара хIумнаш хьа ца йина. Масала, беза мах болу техника яра цаьргахь, масех бензин чохь долу канистра а хиллера. Ткъа Африкехь мехкадаьтта дешел а деза ду. Нагахь уьш бандиташ хиллехь, эр ду вай, техника йохка атта хир дацара Африкехь, амма бензин ма дара деза. ХIетте а иза даьхьна дац зуламхоша. ТIаккха а, дIаяьхьначу экспертизаша гойтуш ду, адам дер карадирзичну наха уьш байина хилар.

- Стенца гуш ду иза?

- Йинчу баллистикан экспертизан жамIаша гойту. Ах бен ян аьтто ца хилла, царна тIера духарш схьахиллехь, юьззина йойла дара. "Досье" центро шен рапорт тIехь дуьйцу цунах а.

- Ахь элир-кх, церан духарш схьа ца деллера. Оьрсийчоьнан Африкерчу векалтан пресс-атташес Токмаков Виктора элира, "техникан, финансийн бахьанашца" уьш схьакхачо таро яц аьлла. И бохург хIун дара? Хьуна муха хета, Оьрсийчоь санначу пачхьалкхан хIунда ца хилира таро, церан бедарш чохь йолу цхьаъ хир иза, йа шиъ хир, контейнер схьакхачо?

- Кхузахь юьйцурш контейнерш яц. Церан бедарш кIезиг яра, гена баханехь а, белхан хьокъехь бахана бара уьш. Хьуна ма хаъара, журналистийн Iедал дац чамданаш дIасакхоьхьуш. Масех ги тосу тIоьрмиг а, йисина техника яра и.

Хууш ма дуй, нагахь санна, вайн урхаллийн бала хиллехьара, царех йисина хIуманаш тоххара схьакхачийна хир яра. Захарова Марияс ма бехира, уьш байинчул тIаьхьа, шаьш талламаш бийр бу, оьшу гIо а латтор ду.

Дипломатийн почтехула цара боху, и дан аьтто бац. Талламчас боху, ша масийттазза дехар динера Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралле, Лавровн хьалхарчу гIовсе Титов Владимире, Юккъерчу Африкан Республикаца а, тIеман урхаллаца а юкъарлонаш дIатосуш гIо дахьара, церан бедарш а схьайоьхур яра аьлла. Хала хеташ делахь а, министраллехь гIо дийр ду элира, амма шо а даьлла, цара кхи дина хIума а дац.

Ишта тIеман министралле а гIо дехнера, оьрсийн кеманаш цига лелаш дац аьлла, жоп дитинера цара. Кхузахь цхьа могIа хеттарш хIиттадо ас, хIунда аьлча, стохка аьхка тIеман министраллан барт ма хилла Юккъерчу Африкан Республикаца тIеман юкъаметтигаш лелон.

Ишта Охан-баттахь бартбира, Африкехь оьрсийн тIеман министраллан векалт схьайоьллуш. Хаа лаьар-кх суна, муьлхачу кеманашца дIасалела оцу векалтан белхахой? ТIеман министраллан белхахой ЦАР-ан, йа Францин кеманашца дIасалела аьлла-м ца хета суна. Талламчаша боху, Талламан комитетан ахча дац, церан бедарш цIаерзо. Цундела цхьана а кепара йоккхуш гIулч а яц-кх, уьш байарх гIуллакх талларехь.

-ХIун дан йиш яра аьлла хета хьуна?

- Тхан талламчашна хетарехь, цкъа делахь, церан тIедуху хIума а, техника а юхаерзон еза. ШолгIа аьлча, бакъ ду, тоххарехь и дан а дина, талламчийн тоба яра цига хьажон езаш. Тоба яханера цига, суна схьахетарехь, Гезгамашин-баттахь, кхаа денна. Тропикан меттиг, Африка иза хилар а, цигарчу климатах дIаэн цхьа дей, буьйсий муххале а дезаш хилар а тидаме эцча, со кхеташ яц, хIун дан кхуьур ву цигахь кхаа дийнахь. Талламчаша цигахь хIун дина- со кхеташ янне а яц.

Массо а теш вара леван везаш, къаьсттина кегон везара церан хилла шофер. Машенан урхалхочун а, байинчу журналистийн а мобилан телефонийн биллингаш яха езаш хиллера.

"Досье" центро шаьш дуьххьара бинчу талламийн жамIаш стохка ГIуран-баттахь зорбане даьхча, оха цхьа могIа документаш дийхира. Царна тIехь гуш дара, журналисташ дIасалелон шофер, уьш Африке дIакхаьчхьана меттигерчу Котофио цIе йолчу полисхочуьнца дукха лерина зIенехь хилла хилар. Цхьана дийнахь, бусий 33-зза къамелаш дина цу шиммо.

Тхан доларчу биллингаша гойту, ЦАР-ехь болчу, "ЧВК Вагнера" олучу структураца уьйрашкахь хиллачу, Пригожин Евгенийца болх бечу нахаца оцу полисхочун уьйр хиллийла.

Тхуна къаьстина, Юккъерчу Африкан Республикан президентан кхерамзаллехула волчу Захаров Валерийна тIе некъаш дуьгург Сотов цIе лелон цхьа стаг хилар а. Иза а ву Пригожин Евгенийн стаг.

И доллу документаш материалаш юкъа а лаций, оха дийхира талламчашка, Захаровга а, Сотовга а хеттарш де аьлла. Шайна цхьа а уьйр ца го, уьш лебан тоаме дац тоьшаллаш аьлла, дуьхаьло йира тхуна талламчаша.

Сан лерех туьйхира ишта, талламчас элира бохуш, Захаров чIогIа лараме стаг ву, цуьнан хан ца хуьлу, стенна оьшу цунна новкъарло ян аьлла.

Суна хIун аьлла хетий, официалан тIегIанехь, цкъа а теллина, цхьалхо йийр яц цара, амма сан а, Орханан а дуккха а доттагIий бу, Оьрсийчохь хилла а ца Iа уьш, и гIуллакх теллина дала лууш. Уьш байарна бехкечу нахана тхаьш тIекхиъалц, оха тесна дуьтур дац хIара гIуллакх. Къаьсттина уьш байа аьлла, тIедиллинарг караваллалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG