ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара а, Иракъера а шайн нах цIебарзо гIерта гIиргIазойн жигархой


Иракъера а, Шемара а 150 зуда а, бер а цIадерзо дагахь Iалашо тIелаьцна ГIиргIазойчуьрчу волонтераша. Шайн махкахой тIемаш боьлхучу меттигашкара даймахка берзорехь гIодан кийча бу гIиргIазой.

Шемара а, Иракъера а зударий а, бераш а цIадалош ен йолу некъан харж а шайна тIелаьцна инициативан тобан декъашхоша. Iедалхоша шайн агIо лоцур ю аьлла, догйовха бу уьш, амма цкъачунна хьаькамаша цхьана а кепара жоп делла дац царна.

"Шен нах дIатосуш ца хуьлу" – оцу дешнашца дIайолийна Гезгамашин-баттахь Иракъерчу куьпара 150 зуда а, бер а даймахка дало кийча болчу гIиргIазоша шайн пресс-конференци. Шаьш гIо дан лууш ду бохуш, чIагIонаш йо инициаторша.

ТIеман кофликташ лаьттачу пачхьалкхера шайн нах цIаберзор доьхуш хьалхо Iедалхошка бевллера церан гергарнаш. Ткъа хIинца шайгара накъосталла дан гIерта хийра нах.

"Юха а ала лаьа суна, политикаца доьзна ма дац хIара, йа и ахча луш болу нах гоьбевлла, телехьожийлехь гойту нах а ма бац. Тхуна Iаламат мехал ма ду хIара гIуллакх. Цхьана а кхетий, цхьа къам хилий, хIокху къоман векалш хиларе терра, вайн нах оцу юкъара схьабаха вай. Бац оха буьйцурш тIемалой лелларш. Кхело мах хадор бу церан, оха буьйцурш зударий а, бераш а ду", - аьлла инициативан тобанарчу Токтосунов Кубанычбека.

ГIиргIазойчуьра масех эзар стаг ву тахана Иракъехь а, Шемахь а, тобанхоша дийцарехь. Токтосуновс чIагIдарехь, шен нахаца йолчу уьйрашкахула а, халкъан дипломатехула а цуьнга шегга дерзалур ду гIиргIазой цIабалон хаттар.

Цхьа бутт а ах бутт зама ю жигархочо Иракъан Курдистанца дийцарш дIахьо. ХIинца цунна гIо оьшу Iедалхошкара, документаш кечдеш а, цхьадолу бюрократин хеттарш листа а.

"Тхайн чоьтах кема гIатто а кийча ду тхо. Мел ер йолу харж лоцу оха тхайна тIе. И цхьаъ ду. Ткъа шолгIаниг: цIа а балийна, Ошскерчу базарахь уьш оьабахкарх дIадолуш ма дац. Тхо кхета, церан психика галъяьлла ю. Цундела оха хIинцале а дийцина, дерзийна и хаттар а. Уьш цIа ма баьхкки, реабилитацин центрехь дIатарбийр бу, цига психологаш а, лоьраш а кхайкхина", - аьлла Токтосуновс.

Цкъачунна мехкан Iедалша кхарна жоп делла дац. Йа арахьарчу гIуллакхийн министраллан пресс гIуллакхой а, йа консулан департаментехь а комментари яла цунах лаьцна кийча бац.

Шайн дийцарш кхи дIадахьа гергарчу деношкахь инициативан тоба Иракъе яха дагахь ю. Нагахь Iедалхой тIе ца тахь, кхи дIа шаьш дендолчух ца дуьйцу жигархоша.

ГIиргIазойчоьнан президентца цхьанакхета некъаш лоьхуш бу карарчу хенахь инициативан тобанхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG