ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна керла санкцеш кхайхийна Iамерко СрипальгIарна дIовшан тIелатар дарна


Британерчу Солсберехь Скрипаль Сергейн хиллачу цIенна хьалха лаьтташ ву полисхо.

Iамеркан пачхьалкхан департаменто дIахьедар дина, Британехь шалха агент хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIан Юлияна а дIовшан тIелатар дарна, Цхьаьнатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийначу санкцийн шолгIа пакет юкъаяьккхина хиларх лаьцна.

Керла санкцеш болх бан юьйлаяла мегаш ю кху карарчу Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь дуьйна. Уьш латтор ю лаххара а цхьана шарахь, билгалдоккху Пачхьалкхан департаменто.

Диначу дIахьедарца, Вашингтоно дуьхьало йир ю, Дерригдуьненан банк а, Дуьненаюкъара валютан фонд а санна йолчу, дуьненаюкъарчу финансийн организацешна финансашца а, техникица а Оьрсийчоьнна гIо дарна.

Керлачу сенкцешца а догIуш, лицензеш яха вуно хала хир ду Оьрсийчоьнна цхьамогIа сурсаташ а, технологеш а юхкуш.

XS
SM
MD
LG