ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мел ду дийцина президентан Зеленскийн алапа


Украинин президент Зеленский Владимир.
Украинин президент Зеленский Владимир.

Украинин президентан Зеленский Владимиран алапа ду цул хьалха цу даржехь хиллачу Порошенко Петрона луш ма хиллара, хаам бо "Громадське" телеканало, президентан гIуллакхаш лелочу пачхьалкхан урхаллина тIе а тевжаш.

Иштта, Мангалан-баттахь Зеленскийна алапа делла 28 эзар гривна барамехь (72 эзар сом гергга). Цунах цо пачхьакхана ял елла 5460 гривна (14 эзар сом). Кхин тIетоьхна ахча я премеш президентана луш Iедал дац, билгалдаьккхина урхаллехь.

Мангалан-бутт юккъебаьлча хаам бинера, дуьххьарлера президентан Зеленскийн алапа ду 12,7 эзар гривна (32,6 эзар сом я 485 доллар) аьлла. Цуьнах пачхьалкхана йогIу ял дIалуш сацийнера 4 эзар гривна (6,1 эзар сом).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG