Украинехь Харькован аппеляцин кхело талламан изоляторе хьажо сацам бина Нохчийчуьра схьаваьлла Илаев Амхьад. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига хаам бина бакъонашларъярхочо Кожушко Николайс.
"ДIалаьцна 2 баттана, иза экстрадицин лацар ду. Адвокато дехар динера иза лаьцна цIахь витахьара аьлла, цуьнан жима бераш хиларна а, иза кхелан кхеташонашка даима а лелаш хиларна а. Амма суд тIетайра прокурорна, Илаев дIалаца веза бохуш волчу", - дийцина кхелан кхеташонехь хиллачу Кожушкос.
Маршо Радионо хьалха яздина ма хиллара, Оьрсийчоьно лехаме веллачу Илаев Амхьадна Харьков гIаларчу Октябрьский кIоштан кхело цIера аравала доьхкучу кепехь лаьцна латто сацам бинера.
Адвокат ю лаьцначун Мезенцева Людмила. "Оха Илаевн бер хиларх, виллинавеха меттиг хиларх, гонах дика цIе йоккхуш хиларх долу кехаташ чуделлира. Лакхарчу Радин депутато Линькос шен жоьпалле оьцуш а вара Илаев, амма оцу депутатера деношкахь дIадолу дарж, цундела кхело тIе ца эцна цуьнан дехар", - дуьйцу Мезенцевас.
МухIажиран статус йоьху нохчочо Украинан миграцин урхалле. Амма Оьрсийчуьрчу талламчаша чIагIдо, иза Нохчийчуьра 5 стаг а вийна ведда, бохуш. Ткъа адвокаташа дийцарехь, Илаевс а, цуьнан вашас а Оьрсийчоь дIатесначул тIаьхьа Нохчийчохь дина хилла зуламаш ду цунна бехкедийраш. Амхьад а, цуьнан жимахволу ваша а Украинехь а волуш, Нохчийчохь хьийза а вина, вийна Оьрсийчоьнан ницкъхоша церан цIахь висина кхо ваша, чIагIдо адвокато Мезенцева Людмилас.