ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къола дина ГIойтIара вахархо лаьцна полицино


ПIераскан дийнахь Соьлж-ГIаларчу полице гIо доьхуш веана хилла 29 шо долу меттигера вахархо. Цу стага дийцарехь, гIалин йистехь цуьнан "ВАЗ - 2110" машенан чуьра вевзаш воцучу стага яьхьна хилла мобилан телефон а, ахча а.

Къуьно цу стаган зе дина хилла 42 эзар сом гергга барамехь. Сихонца арабевллачу полицин белхахошна карийна зуламча. Иза хилла 23 шо долу Хьалха-Мартанан кIоштарчу ГIойтIара вахархо. Цу жимачу стага мукъарло дина ша зулам дина хиларна.

Хилларг буьззинчу барамехь къастош бу полисхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG