Кху шеран хьалхарчу эхашарахь кхечу пачхьалкхашкарчу туристийн терахь алсамдаьлла Нохчийчохь 96%, хаам бина цу республикан туризман министро Байтазиев Муслима.
Цо чIагIдарехь, 2018-чу шарца дуьстича кхушеран хьалхарчу кхаа баттахь Нохчийн Республике кхузза алсам баьхкина кхечу пачхьалкхашкара туристаш. Туризман министро дийцарехь, туристана тIелатар дина цхьа а меттиг хилла бац республикехь.
Цуьнца цхьаьна, Байтазиев хьахийна Израилера туристаш Нохчийчу бахкарца доьзначу хаттарх, хаам бо "Грозный-информ" агенталло. Цо дийцарехь, цу махкара туристаш Къилбаседа Кавазе балош болх бечу Rway group компанино далочу терахьца, цхьана денна а, Нохчийчохь хан яккха а баьхкинчу туристийн терахь дар 2018-чу шарахь 3600 стаг.
Байтазиевс чIагIдарехь, Израилерчу я кхечу махкашкарчу туристашна цхьа а кхерам бац Нохчийчохь.
Маршо Радионо яздина ма хиллара, Нохчийчу шайн махкахошна баха кхераме ду аьлла, хаам бинера "Некъа волуш хаийтар" олучу декъехь Израилерчу антитерроран штабо. И хаам беша аьтто бу иврит маттахь. Нохчийчоьнах лаьцна болу хаамаш язбина бу цIечу басахь. Циггахь зорбане даьккхина ду Google картан дакъа а. Цу тIехь Нохчийчоь гойтуш ю тIаьIначу сира басахь.
"Нохчийчоьнах лаьцна" рубрикехь иштта аьлла ду: "Нохчийчоь исламан республика ю Оьрсийчоьнан къилба-малхбузехь Iуьбллуш йолу, коьрта гIала Соьлж-ГIала а йолуш. Цигахь бехаш нохчий бу, Оьрсийчоьнан режимца маршо яккха гIерташ къийсам дIахьош болу".
Цу хьокъехь дегабаам бинера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. И сацам "цхьа а доцург ду", бохуш вара иза.
Кадыровс дехар дира цу документан авторе, Нохчийчохь йолчу цхьана терроран тобан мукъане а цIе яккха аьлла.Цо Нохчийчу кхайкхира Израилан терроризмаца къийсам латторан штабан векалш, республикерчу хьолана мах хадо.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен дIахьедарехь билгалдаьккхира, Нохчийчохь яц я хир а яц терроран вовшахтохараллаш аьлла.