ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь герз диттина 20 стаг вийна Техас штатехь


Лаххара а 20 стаг вийна ткъа иттаннаш чевнаш хилла бу Мексикан дозанца йолчу Iамеркан Эль-Пасо гIалахь.
Лаххара а 20 стаг вийна ткъа иттаннаш чевнаш хилла бу Мексикан дозанца йолчу Iамеркан Эль-Пасо гIалахь.

20 стаг вийна ткъа иттаннаш чевнаш хилла бу Мексикан дозанца йолчу Iамеркан Эль-Пасо гIалахь (Техас штат) шотдийнахь хиллачу инцидентехь, хаам бо ABC News телеканало.

Цигахь Walmart туькана хьалха йолчу машенаш дIахIитточу майданахь герз диттина цхьана стага. Иза лаьцна полицино. Цу стага и зулам даран бахьана цкъачунна хууш дац. Гезхочо байинчу нахана юкъахь бу баккхий нах а, бераш а.

Гиначара дийцарехь,зуламхо хилла "карго" олу эскархоша а лелош йолу хеча йоьхна, лерга йоьхкина ладугӀургаш а йолуш. Цуьнан болар хилла хелхаволучу кепехь. Туьканчу вахана иза вуно мехала гIуллакх ша кхочуш деш волуш санна.

Бохам хиларх лаьцна хаийтина Iамеркан президенте Трамп Дональде. Техасан губернаторе хаийтина цо, федералан Iедал оьшуш долу гIо дан кийча хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG