ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теракт санна толлуш ду Техасехь адамаш дайар


 Эль-Пасон полици
Эль-Пасон полици

Iамеркерчу Техасехь 20 стаг а вуьш, кхин а 26-на чевнаш а еш, Эль-Пасо гIалахь шотдийнахь Walmart туькана хьалха герзаца тIелатар дар толлуш ду теракт санна. Цунах лаьцна хаам бо CNN телеканало, Федералан талламан бюрора хьасташна тIе а тевжаш.

Полици къастош ю 21 шо долчу Крузиус Патрика адамаш дайале социалан машанехь шен расистийн ойланаш хилар хоуьйтуш "манифест" йитина бохург. Цу дIахьедарехь, яздина ду герз деттар жоп ду "латиноIамеркахой Техасна чубаржарна" аьлла, ткъа иштта гIортор яр а ду Керлачу Зеландехь Зазадоккху-баттахь шина маьждигехь 51 бусалба стаг вийначу Австралерчу террорхочун Таррант Брентонна

Зуламхо лаьцна ву. Iедалша кхин хIара ду аьлла дуьйцуш хIума дац.

Iамеркан президенто Трамп Дональда емалдина адамаш дайар, иза "кIиллолла гайтар" ду аьлла. Мексикан Iедалш даре дина байинчарна юкъахь шайн 3 махкахо хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG