Iамеркехь Огайо штатерчу Дейтон гIалахь мила ву ца хуучу стага герз диттина лаххара а 9 стаг вийна. Цунах лаьцна хаам бина цу гIалаин полицино. Герз диттинарг вийна. 16 стаг дарбанан хIусамашка кхачийна ву тайп-тапана чевнашца.
Зуламхочо герз диттина дуккха а бараш а, буьйсанна болх бон клубаш а йолчу урамехь. ТIелетар динарг мила ву къастош ду. Цо и зулам даран бахьана хууш дац. Дейтонехь хилларг шозлагIа дуккха адамаш дайар ду Iамеркехь тIаьхьарчу дийнахь-бусий.
Техасехь 20 стаг а вуьш, кхин а 26-на чевнаш а еш, герз диттина 21 шо долчу Крузиус Патрика Эль-Пасо гIалахь шотдийнахь Walmart туькана хьалха.
Iамеркан президенто Трамп Дональда хьалхо емалдира Техасехь адамаш дайар, иза "кIиллолла гайтар" ду аьлла. Мексикан Iедалш даре дина байинчарна юкъахь шайн 3 махкахо хилар.