ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Запата Франкис Ла-Манш хадийна Flyboard Air уьнан тIехь


Flyboard Air у кхоьллина Францера инженер Запата Франки, архивера сурт
Flyboard Air у кхоьллина Францера инженер Запата Франки, архивера сурт

Францерчу инженеро-кхоллархочо Запата Франки-с Европа континентах Британи дIахадо Ла-Манш хидоькъе хадийна тIема долучу уьнан тIехь шозлагIа иза дан гIоьртинчул тIаьхьа. Цхьана бердера вукха берде кхача цунна эшна 22 минот гергга хан.

Запата тIемавелира Францерчу хIордан йистерчу меттигера, ткъа охьахиира Британерчу Дувр гIалана гергахь. Цуьнан тIемаваларан уггар лакхара сихалла яра 177 километр сохьтехь.

Запатас пайда эцнарг ю, ша кхоьллина Flyboard Air олу тIемайолу платформа. Цу конструкцин ю мехкадаьттан тIехь болх беш йолу 5 реактиван мотор. Маситта минот яьлча хIоразза а мехкадаьтта тIедотта оьшуш ю Flyboard Air платформа.

Цу тайпачу транспортана тIехь Ла-Манш ца хадийнера хьалха цхьаммо а.

Дуьххьара Ла-Манш хадо гIоьртинчу хенахь Запатан аьтто ца белира иза дан мехкадаьтта тIедотта дезачу платформина тIе охьа а ца хаавелла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG