ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Омскера йоI йийнарг нохчо хилла аьлла, даржийна хаамийн гIирсашкахь


Санкт-Петербургехь петар лаьцна еха Омск гIалара яхархо йийна урс диттина кху беттан 2-чохь. Оцу дийннехь тIекхиъна зуламхочунна. Омскан хаамийн гIирсаша дийцарехь, Нохчийчуьра жимстаг ву бехке.

Дийцарехь, йоI йолчу хьошалгIа веана хилла кIант. ЦIеххьана цу шинна юкъахь дов иккхина, оьгIазвахначу жимчу стага 13-зза урс тоьхна хилла йоIана. Йинчу чевнех елла карийна иза Санкт-Петербургерчу Космонавтийн урамерчу цIа чохь, яздо гIалин Талламан комитето.

XS
SM
MD
LG