ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун бахьанаш ду Израилан Iедалхойн Нохчийчоь кхераме мохк бу ала


Цхьана шерачохь Нохчийчохь хилла Израилера 3600 турист аьлла, хааме даьккхина республикерчу туризман министро Байтазиев Муслима. Махкахь туризм кхиош жигара бен болх бахьана долуш дахначу шарахь Нохчийчухула чекхваьлла 78 пачхьалкхера 150 эзар турист боху хьаькамо.

"Туристашна дина цхьа тIелатар дац тIаьххарчу шерашкахь. Йа къола дина меттиг а бац, тIелетарш стенна дуьйцура", - аьлла Байтазиевс.

Хаттар хIутту аьлла министро, мича бух тIехь ду, Нохчийчоь кхерамечу регионашлахь ю аьлла, иза цIенчу тIегIане яккхар Израилан терроризмца къийсам латточу штабо. ХIун бахьанаш ду Израилан Iедалхоша "республикехь лелаш террорхойн организацеш ю" алар а, шайн бахархошка Нохчийчу ма гIо аьлла, кхайкхамбар а, хоьтту туризман министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG