1970-чу шеран чакхенера 1980-чу шаре кхаччалц хиллачу заманан Iедал таханалерачул а гIоле а дара аьлла хета Оьрсийчоьнан бахархошна. Оршотдийнахь зорбане даьхна "Левада-центро" дIабаьхьначу хаттамца нисделла жамIаш.
ТIаьххьарчу шерашкахь а, Брежнев Леонидан куьйгалла дечу заманчохь а хиллачух йа цхьаъ, йа масех башхало билгалъяккха езаш хиллера респондентийн. 29 процентна хетарехь, Советан Iедал "шен халкъана герга дара". 25 % дIахьедина, хIетахь Iедал "ницкъе а, чIагIо йолуш а" дара аьлла. Ткъа 22 проценто "нийсо лелаен" Iедал дара аьлла, билгалдаьккхина.
Ишта кхузаманан Iедалан мах хадош, 31 проценто "коррупцин" Iедал ду аьлла. 26 % хетарехь, "бюрократин" Iедал ду, ткъа 23 проценто "халкъаца бала болуш дац" аьлла, йовзийтина шайн дог-ойла.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!