ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тутмакхан Эдиговн арз чуэцна Европан кхело


Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) чуэцна Нохчийчуьрчу вахархочо Эдигов Сулеймана кховдийна арз. 2012-чу шарахь полисхоша 1, 5 баттахь цхьана а кепара кечдина процессуалан кехаташ а доцуш, лаьцна латтийна хилла иза, тIехь Iазап а латтош. Эдиговс дагалецарца, шайн белхан накъост айхьа вийна а ала, айхьа герз лелийна а ала бохуш, ток еттийтина хилла цунна ницкъахоша. Йоьдучу кхелан кхеташонашкахь Эдиговс дIагайтина шен пIелгаш тIехь дисина таммагIаш. ХIетте а, кхел йира цунна 317-чу а, 222-чу а артиклашца: "полисхочунна тIелатар дарна" а, "герз лелорна" а аьлла.

2014-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь суьдхочо Александров Германа дIахьочу Нохийчоьнан Лакхарчу кхело 14 шо а, ялх бутт а хан туьйхира цунна набахтехь яккха. Оцу юкъанна, цунна хан тохале масех бутт хьалха хилла суьдхо Абубакаров Вахьид юкъарвелира гIуллакхна. Цо дийцарехь, Нохчийчуьрчу полисхоша телефонехула кхерамаш туьйсура цунна.

2013-чу шеран Лахьан-баттахь Сулейманан нанас Умарова Зинас орца дийхира "Iазапна дуьхьало латточу Комитете". Оьрсийчоьнан Талламан комитето 6-зза дуьхьало йира бехкузуламан гIуллакх айдан къизаллаш лелийна аьлла динчу арзан бух тIехь.

2015-чу шеран Охан-баттахь "Iазапна дуьхьалояран Комитетан юристаша ЕСПЧ-е арз дира, Эдиговн хьокъехь Оьрсийчоьно Европан адамийн бакъонех йолу конвенци йохийна ца Iаш, нийсонца кхел йина а ца хилла цунна тIехь аьлла. Байначу баттахь Страсбургерчу кхело листа чуэцна Эдиговн арз.

Карарчу заманчохь Эдигов хан токхуш ву Иркутсукерчу колонехь. 2018-чу шеран чакхенехь йиттинера цунна колонин белхахоша. Шаьш еттарна даредира цара, амма лард йолуш хIума дара иза аьллера.

Оцу гIуллакхна тIехула Эдигов дуьхьал хилира колонин белхахошна дуьхьал вала аьллера "Кавказ.Реалии" портале Къилбаседа-Кавказерчу "Iазапна дуьхьало латточу Комитетан" декъан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс. "Европан кхелан сацам Эдиговгахьа хир бу аьлла, догйовха ду тхо", - аьлла Пискуновс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG