ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полшехь меттигерчу футболан фанатех летта нохчий лецна


Оьрсийчуьра 20 гергга вахархо дIалаьцна Полшехь меттигерчу футболан хулиганашца хиллачу тасадаларшкахь. Оршотдийнахь бина цунах хаам RMF FM радионо. Церан хаамашца, инцидент иккхина Краковн йохка-эцаран центран паркингехь. Доккхачу декъанна полисхоша лецнарш бу, меттигерчу "Краковия" фанатийн клубан декъашхошца летта "Нохчийчуьра схьабевлларш".

Ишта дIалаьцна масех полшхо а. Билгалдоккху, Оьрсийчуьрчу бахархошкахь герз а, ишта кхиболу кхераме гIирс а, наркотикаш а хилла хилар а. ГIалин базарахь йохка-эцарна тIехула даьлла дов ду бохуш, яздо хаамашкахь.

Карарчу хенахь лецначийн хIусамех хьуьйсуш бу полисхой. ГIуллакх листа дIаделла Краковн прокуратуре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG