ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байкал ишал тIехь дуьненан рекорд хIоттийна нохчочо


Нохчийчуьрчу неканчас Закраилов Заура дуьненан рекорд хIоттийна Байкал ишал тIехь. "Байкал-Daily" хьостано хаамбарца, кху беттан 3-чохь Iуьйранна пхи сахьт даьллачу хенахь Керчан спортан-патриотикан "Слава" клуб вовшахтоьхна Тимошенко Вячеслав а, клубан спортхо Семеняка Евгений а, Нохчийчуьрчу кхузаманан таррашца латарх ловзаран Федерацин куьйгалхо Закраилов Заур а дIаволавелира нека дан Выдрино - Листвянка (45 километр) маршрутехь. Юккъе бевллачу хенахь тобан нека къовсар юкъахдаккха дийзира хенан хIоттам хийцабаларца.

Дахначу оршотдийнахь юха а дIадолийра цара. Цхьана дийнахь, бусий церан аьтто хилира шаьш севцначу 45 километр тIера кхин а 55-не неканца дIабаха. Нека къовсарна тIехь терго латтош яра говзанчийн комисси, шайлахь неканча-экстремал Бугай Андрей а волуш.

Кхо бутт хан хилла Закраилов оцу марафонна кечлуш волу. Нека къовсаран Iалашо хилла – ишал боьха хиларна тIе Iедалхойн тидам озор.

XS
SM
MD
LG