ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йочанаша хIусамаш йохийначу 70 доьзална гIо дина нохчийн Iедалша


Йочанаш бахьанехь тховкIело йоцуш бисинчу Нохчийчуьрчу кIошташкарчу 70 доьзална гIишлошъяран гIирс белла, хIусамаш меттахIитто махкарчу Iедалхоша. Хьалхо яздира. Байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Хьалха-МартантIехь, ТIехьа-МартантIехь а 200 гергга гIишло йохийна, саццаза ихначу догIанаша аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-гIуллакххоша Iорадаккхарца, 70 хIусамна гIишлош меттвхIитто оьшу гIирс дIакхачийна, юхаденйина 7 социалан объект а. "Карарчу муьрехь кIошташкара мехала йолу социалан объекташ дIатойина: пхи школа а, културан цIа а, дарбан хIусам а. Дуккха а петарш чохь йолу ши цIа а меттахIоттийна, кхин а цхьа доьшийла а ю тойина йолуш. 70 сов доьзална оьшуш болу гIирс дIакхачийна шайн цIенош меттахIоттадайта", - аьллачу хьалхарчу вице-премьеран Тумхаджиев Iисан дешнаш далийна пресс-гIуллакххрша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG