ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Куьг дIадоккхуш операци ян кечъеш ю гIалгIайн йоI


Москварчу клиникан президенто Рошаль Леонида хаамбина, ГIалгIайчуьра 7 шо долу йоI аьтту куьг дIадоккхуш, операци ян кечъеш ю шаьш аьлла.

Маршо Радионо яздира, байначу беттан 4-чохь дейишас къизаллица йиттина, чолхечу хьолехь ГIалгIайчуьрчу дарбан цIийне ялорах ворхI шо долу жима йоI. ТIаьхьо кхачо йоллуш дарба лело Москварчу Рошаль Леонидан клинике дIайигинера иза.

Москварчу дарбан цIийнехь дIаяьхьначу лоьрийн консилиумо сацамбина, аьтту куьг дIа ца даккхахь, пайден хир дац иза аьлла.

"Операцина кийча ю йоI", -аьллачу Рошалан дешнаш даладо "Интерфаксо".

Операцин хьалхара этап кху деношкахь йоло дагахь бу лоьраш, шайн ма хуьллу гола хутту меттиг дIа ца яккха хьовсур ду шаьш аьлла клиникан хирургаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG