ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германерчу набахтера ведда гуьржи а, турко а. Цхьаъ каравахна


Баварин малхбузерчу Мемминген гIаларчу набахтера шен накъостца цхьана ведда гуьржийн тутмакх Бурджанадзе Важа дIалаьцна Германехь. Оршотдийнахь бина цунах хаам немцойн хаамийн гIирсаша, яздо инормацин IPN агенталло.

Болчу хаамашца, гIалина 30 километр генахь лаьцна гIаш воьдуш хилла 37 шо долу тутмакх. Цуьнца цхьана веддарг лоьхуш ву полисхоша. Германин полицино даржийна цу шиннан суьрташ, цаьргахь герз хила тарло, ларлуш хила аьлла, бахархошка кхайкхамбеш.

Дахначу кIирандийнахь вада аьтто баьлла хилла Бурджанадзе Важан а, 36 шо долчу Туркойчуьра схьаваьллачу Гюнбей Гекханан а. Петар чохь къола дарна а, талораш дарна а кхело лаьцна вара и шиъ.

Меттигерчу полицино шуьйра операци йолийнера и шиъ лаца Iалашонца, авиаци а тIе а озийна. Зорбанашкахь яздарца, набахтен уьйтIа тутмакхаш буьйлабала баьхначу хенахь, керт тIехула а ваьлла ведда хиллера и шиъ.

Хьалхо "Рустави 2" телекомпанино дийцира, Бурджанадзе Важан доьзал Гардабанскан кIоштахь бехаш бу аьлла. Иза лацарх царна а, лулахошна а хиъна хилла телехьожийлехь бинчу хаамашкахь. Цара тIечIагIдина, Важа Германи ваханера, ша юхавогIур ву аьллачу хенахь цIа ца веара иза аьлла. Цул тIаьхьа цуьнгара кост хилла дац аьлла, дIахьедина доьзалхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG