ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цкъачунна дика къаьста хетарг дац сан Нохчийчоьнца дозанах лаьцна"


Хазбиев Мохьмад
Хазбиев Мохьмад

Кху деношкахь лаьцначура дIахецна гIалгIайн оппозиционер, Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула векалан экспертийн кхеташонан декъашхо хилла Хазбиев Мохьмад. Лаьцна латтийра иза 2018-чу шеран Дечкен-баттахь дуьйна, цкъа дуьххьара талламан изоляторехь, тIаккха колонехь.

Магасан кхело бехке винера Хазбиев ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке а, ницкъаллин структурийн белхахошка а, суьдхошка а цабезам кхолларна а, Iедалан векалш сийсазбарна а, бакъо а йоцуш, герз латторна а. Цунна хан тоьхнера 2 шо 11 бутт колонехь-поселенехь яккха, 50 эзар сом гIуда а хьарчош.

Политикан тутмакхан дахарх а, Нохчийчоьнан куьйгалхочух шена хетачух а, шен кханене муха хир ю бохучух а шена хетачух лаьцна Хазбиевс дийцира "Кавказ.Реалиина" ша еллачу интервьюхь:

- 4 шо 7 бутт сан дахарера дIадаьккхина сийдоцучу наха: федералан лехам, Нохчийчохь Iедало ларвар, цул тIаьхьа - набахте. Прокурораш, талламхой, суьдхой – цхьа банда ю. Царна кхин дIа а лаара халкъ хьийзо, ткъа ас сайн халкъ лардора, кхайкхамаш бора, низам а, Оьрсийчоьнан Конституци а ларъяре кхойкхуш. Набахташ ю шаьш ма ярра концлагерш ю, амма халонех чекхвала веза хьакъ ма-дду а лелаш.

Нохчийчоьнца дозанах а, Калиматовх а

- Нохчийчоьнца доьзначу хаттарх лаьцна хуьлург муьлхачу некъа даха луур дара хьуна?

- Дуьхьалонан акцешкахь со хиллехь, хилларг кхечу агIор хир дара. Оьшуш дацара адамаш 12 дийнахь майданахь латто. Депутаташ цхьанахенна дарбанан хIусамийн маьнганашна тIехь Iохькуш нисбаларна, цу заьIапхошна меттиг бац гIалгIайн парламентехь. Цхьа а къайле яц уьш сий а, эхь а, иман а доцуш хиларан.

Ас циггехь хоржур вара керла 27 депутат, хIунда аьлча, халкъ цу майданахь дара, цара низам тIеоьцуьйтур дара цаьрга республикан куьйгалхо бахархоша харжарх лаьцна долу. РогIера низамаш хир дара субъектан куьйгалхочо дарж дитарх а, ханна декхарш кхочуш дон стаг хIотторах а, бахархоша куьйгалхо харжарх а лаьцна.

Латтанца дозна хаттар а, кхин дерг а шолагIа гIуллакх ду. Цхьа а ма вацарий масатоьпашца Евкуровга а, парламенте а, карарчу хенахь ХIирийчохь йолчу Пригородни кIоштах а, Нохчийчоьнца дозанах лаьцна а низам тIеэцийта гIерташ.

И хаттар талла дагахь ву со, Нохчийчоьнан куьйгаллица а, гIалгIайн историкашца а цхьаьна а кхетта. Цкъачунна дика къаьста хетарг дац сан Нохчийчоьнца дозанах лаьцна. Амма Кадыров Рамзанан я муьлхха а кхечу стеган хуьлийла дац гIалгIайн лаьттан цхьа а ша. И меттигаш дукхахенахь дуьйна екъна ю тайпанашна юкъахь.

- ГIалгIачоьнан керлачу куьйгалхочух Калиматовх ала хIун ду хьан?

- Сан цуьнца гIуллакх деана дац. Суна хуург иза президент хиллачу Зязиков Муратан бажа хилар а, ткъа хьалха республикан прокурор хилар а ду. Нагахь хиллачу Iедало юьхьарлаьцна некъ цо дIахьахь иза, цул хьалха хилларш санна, халкъо неIалт олуш дIагIур ву цу даржера.

- Хьалха хиллачу куьйгалхоша лаккхара даржаш кхийдийра хьоьга, юкъараллин-политикан болх битарна дуьхьал. Карарчу хенахь республикан ханна волчу куьйгалхочо дарж кховдадахь, реза хир вуй хьо?

- Цкъачунна цу хаттарна жоп далалур дац соьга. Суна иза мила ву а ца хаьа, иза республике хIунда ваийтина а ца хаьа.

- Лаьцначура дIахецначул тIаьхь хьо юха а тIекхайкхинера "Э" Центро (экстремизмана дуьхьало йон центр). ХIинца стенна реза дац хьуна Iедалш?

- Евкуров дIавахна, амма коррупци йисина. ЦПЭ-хь (экстремизмана дуьхьало йон центр) хаа лууш бара со оппозицин гIуллакх лело дагахь ву-вац бохург. Амма Калиматов хIинцца веана ву, цуьнан адам тешаран кредит ду. Вуьшта со гIертар ву нисса дIа бахархоша дакъалоцуш харжамаш хилийта, парламент йозуш йоцуш хилийта. Ткъа вайна гуш дерг хIун ду? 21-чу бIешарахь ГIалгIайчохь хIинца а кхочуш дина дац юкъахь а ца йоккхуш ток а, газ а, хи а даларца доьзна хаттар.

Кадыров Рамзанах лаьцна

- ГIалгIайчоьнан ЦПЭ-но хьийзош Нохчийчоьно хьо шайн Iуналле ийцира. Цхьаболу хьан агIончаш цу хенахь цецбевллера. Ткъа хIинца латтанца доьзна дов иккхинчул тIаьхьа, ахь гIо доьхур дарий Кадыров Рамзане?

- Нохчийчоьнан куьйгалло вашас санна куьг кховдийра соьга. Тхо а нохчий а вежарий вайнахаш ду, цхьана динехь ду. Суна хетарехь, и дов кхечу агIор дIадерзо дезаш ду. Ас хIун дийр дара, бохуш хьесапаш дар шайтIанера ду.

- Хьо цхьаъ бен вац хир ву, Кадыровна гергара нохчий ца бийцича, цу республикехь пачхьалкхо шен гӀоьна кӀел лаьцнарг. Иза хIунда оьшуш дара Рамзанна?

- Цул жимма хьалхо дов иккхинера Кадыровн а, гIалгIайн имаман Чумаков Хьамзатан а. Сан аьтто белира, цу шинан цхьаьнакхетар вовшахтоьхна, дов дIадерзо. Оцу хенахь сан а, Рамзанан а вежараллин а, адамаллин а юкъеметтигаш тасаелира, хьалха ас маситтоза цунна критика йина хиллехь а.

Евкуровна вуно ца тайра тхойшиъ вовзар. Соьлж-ГIаларчу митингехь ас къамел дина масех де даьлча сан хIусамах хаьвсира, герз а тесира суна. Иза динарг вара, дукха хан ялале ша а набахте кхаьчна волу, республикерчу ЦПЭ-н куьйгалхочун когаметта Беков Мохьмад. Суна дуьхьал зуламаш дарна цуьнан жоп хIинца а дала дезар ду.

Иштта, теш ву аьллачу стаге алийтира цара, цо соьгара ядийна машен эцнера аьлла. ТIаьхьо цу тешо даре дира, ша иза дийцина хилар, цу хенахь "Э" центран куьйгалхо хиллачу Хамхоев Тимура куьйгалла а деш, шена ницкъ бар бахьана долуш.

ХIирийн а, гIалгIайн а набахтхоша шеца лелийнарг

- Чувоьллина хан муха текхира ахь?

- Колонехь дахаран хьелаш вуно луьра дIанисдина ду: Iуьйранна 6 сахьт даьлча хьалагIаттар, дегI меттахдаккхар, 8 сахьт даьлча даьлча талламе дIахIиттар. Массо цIарца мохь тухуш билгалвоккху. ДIасабохуьйту тутмакхаш цхьацца белхашка: хьера а, пилораме а, юьртабахаман белхаш бан а. Даьккхинчух ахча чусацадо кхачанах а, газах а, тоьках а, хих а. Баккъалла а долу лолла ду иза.

10 сахьт даьлча дIавижа бакъо ло. Телевизор цхьаъ бен яц. Цуьнга хьажа бакъо ло сарахь 3-а сохьтехь. Баракаш салтийн казармех тера ю. ХIора чохь 8-15 стаг ву. Тоькан розеткаш яц, телефонаш официалан кепара магийна яц. Барак эчиг тоьхна ю. Аьхка вуно чIогIа йохло уьш, садаIа хIаваъ ца тоьа. Iай вуно шийла хуьлу.

Вуьшта Оьрсийчоьнан набахташкахь а, талламан изоляторшкахь а наркотикашна а, маларна тIекхача хала дац. Телефонаш йихкина лоруш ю, амма шен мах дIабелча уьш чуйохьу. Цхьа кIира даьлча чулилхина "шмон" а йина, иза дIаяккха а сахьт дац, изза телефон кечу камерина йохка. Массанхьа ю коррупци.

Системан Iалашо ю адам оьгIаздахийта, цунах рецедивист ван, дийнат цунах дан. Цхьа а кхетош кхиор дац цигахь.

Чубоьхкинчарах 90% цIахь бита а мегар дара. Хьовсийша шаьш: некъахьовзам хиларна бехкеверг, алименташ дIа ца елла стаг, социалан машанехь йоза дитина я "экстремисзман" суртан репост йина стаг. "Лайк" хIоттийна нах а бу чубоьхкина. 18-20 шо долу кIентий бу, ма дарра аьлча уьш бераш ду.

- Хьоьца хIун юкъаметтигаш лелийра?

- Со чохьваьллира ГIалгIайчохь а, ХIирийчохь а, ткъа иштта ГIебартой-Балкхаройчуьрчу колонехь а. Уггар адамалла долуш лелар дара Владикавказерчу набахтхойн, ткъа уггар адамалла доцуш лелара гIалгIайн талламан изоляторехь.

- Дин лелорца муха ду набахтехь?

- Цхьа а халонаш яцара ламаз дарца, марха кхабарца, амма мажошца мостагӀалла леладо цигахь. Къонахойн санна куц долчу мажош йолчу нахаца гамо ю кху режиман.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG