ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БуьритIера Ессентуки вигина гIалгIайн жигархо гергарчарна а ца хоуьйтуш


БуьритIерчу изоляторера Ессентуке дIавигина гIалгIайн протестийн жигархо Барахоев Ахьмад, аьлла хаийтина "Кавказ.Реалии" портале цуьнан йишас Барахоева Лайлаа. Карладоккху, Зазадоккху-беттан 26-чохь Нохчийчоьнца ГIалгIайчоьно дозанаш къасторна дуьхьалбевллачу гIалгIаша митинг хIоттийнера, Евкуровна дарж охьадиллар тIе а дожош. ШолгIачу дийне яьллачу митинган декъашхойн тасадаларш хиллера полисхошца. Iедалан векалшна дуьхьалойина аьлла, бехкзуламан гIуллакх диллира Барахоевна дуьхьал.

"Кху беттан 2-чу дийнахь дехьаваьккхина хила иза. Селхана бен тхуна а хиина дац. Тахана Ессентукехь дов хоттур долуш ду цуьнан, кхи дIа дIасавалар доьхкуш. Адвокаташна хаийтина цахиларна, цара дехар дина кхелан процесс кхечу дийне дIататта аьлла. ЦIера дIасавалар дехкий, иза цIахь а вуьтуш, гIуллакх талла бохуш, тIера ца бовлу сан вешин адвокаташ. Иза гIеметтахIоьттина стаг ву. Цуьнан гипертони ю, аьрру коган метта хIоттийна протез ю, аьтту когана а операци ю ян езаш", - аьлла Барахоева Лайлаа.

Шен ваша дIалаьцчхьана хIинца пхоьалгIа ву боху йишас иза цхьана регионера вукхунхьа дехьавоккухш. "ГIалгIайчуьра Нальчике вигира иза, юха цигара БуьритIе, тIаккха Нальчике дIавигира, юха а БуьритIе схьавалийра. ХIинца БуьритIера Ессентуки валийна. Ишта маршрут юк-х", - аьлла, дийцина Барахоев Ахьмадан йишас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG