ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьиджаб лелочу бусулба зудчо дакъалоцур ду дуьненан Чемпионатехь


Йозаллаш уьйучу атлетикан дуьненан Чемпионатехь кху шарахь дакъалоцуш йолу пакистанхойх схьаяьлла Iамеркан спортхо бусулбашлахь хьиджаб тиллина дуьххьарлера декъашхо хир ю. Юьхьанца тхэквандохь яра Iабдулла Кулсум, амма тIаьхьо йозаллаш ийба йолаеллачу цо хийцира спортан кеп.

2010-чу шерашкара схьа дуьйна ю хьиджаб лелон спортхо Iабдулла Кулсум олимпикан ловзаршкахь дакъалоцуш. Делахь а спорто новкъарло ца йина цунна лакхара доьшийла чекхъяккха а. Инженеран диплом ду цуьнан, ишта ю иза Iилманийн кандидат а.

2010-чу шарахь пачхьалкхан чемпионате ца йитира Кулсум, коьртахь хьиджаб лелорна, амма оцу хьокъехь цо кхеле бинчу латкъамехь толам баккхира зудчо. Цундела Гезгамашин-баттахь Таиландехь дIахьочу дуьненан Чемпионтехь дакъа лаца бакъо ю цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG