ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудийн пачхьалкхехь хийцина зударша дIасабоьлхуш божаршкара пурба даккха оьшуш хилар


СаIудийн пачхьалкхара яхархо ю футболан стадионехь
СаIудийн пачхьалкхара яхархо ю футболан стадионехь

ДIадаханчу пIерасканан дийнахь СаIудийн пачхьалкхо зорбане даьхна шайн бахархошна -божаршна а, зударшна а - маьршша махкал арахьа а дIасалела бакъо луш долу керла низамаш, яздо "Ассошейтед пресс" агенталло "СаIудийн пачхьалкхехь хийцина зударша дIасабоьлхуш божаршкара пурба даккха оьшуш хилар" цIе йолчу материалехь.

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь зударийн хьал хуьйцур долу низамаш болх бан долалур ду крарахь болу Марсхьокху-бутт чекхболуш. Цу пачхьалкхан низамийн система критикаш ловш ю дукхахенахь дуьйна, цо баккхийн зударий кхиазхой санна тIеоьцуш хиларна, паспорт доккхуш а, махкал арабовлуш а уьш божаршкара бакъо еха езачу хьоле хIиттош.

Дукхачу хьолахь верас хуьлу да я майра, ткъа цкъацца цуьнан кIант. Хийцамаш хьехош СаIудийн пачхьалкхарчу бахархоша Твиттерехь хеставо 33 шо долу паччахьан кIант, дийцарехь, и гIулчаш яхарна тIехьа лаьтташ волу.

Амма и хийамаш реза цахиларца тIеэцна тIаьхьарчу шерашкахь верасах лаьцна низамаш лардан дезаш хиларан хьокъехь къамелаш дечу молланийн видеош арахьоьцучу махкарчу консерваторша.

Кхечу хийцамашца а догIуш, зударшна бакъо луш ю доьзал кхолларх а, доьзал къастарх а, бер даран тоьшалла а кхин долу а кехаташ даха. Ткъа и документаш зударшна оьшуш хуьлу паспорт доккхуш а, бер школе деша дIалуш а.

Зударшна иштта бакъо елла СаIудийн пачхьалкхехь, низамца а догIуш, шайн берийн верасаш хила, ткъа хьалха и бакъо божарийн а бен яцара.

Делахь а, хIинца а болх беш ду набахтера арабовлуш а, кхиазхой латточу хIусамашкара арабовлуш а, маре боьлхуш а зударшна божаршкара бакъооьшу низамаш. Божарий ялахь а, цу пачхьалкхехь бакъо яц зударийн СаIудийн махкалла шайн берашна дала. Цера иштта бакъо яц кIанта зуда яло я йоIана маре яха бакъо яла.

Верасийн система йолчу СаIудийн пачхьалкхехь зударийн ладоьгIийла яцара божарша дика дог-ойла гайтаре а бен, шайн дахаран некъ хоржуш.

Доьзалехь ницкъ барх а, верасийн системах а кIелхьарбовла гIерта зударий юкъа-кара дуьненаюкъараллан тидам тIебахийта гIертара шайн хьолана. Масала иза дира 18-тта шо долчу аль-Кунун Рахафа, Канадо шена тховкIело ялале. ЦIера бевддачу зударийн истореша зорбанан гIирсашкахь вон ойла кхолла ялийтара СаIудийн пачхьалкхах.

Паччахьо Салмана а, цуьнан министрийн кабинето а тIечIагIдинчу керлачу низамо бакъо ло муьлхха а 21 шо кхаьчначу вахархочунна махкара аравала а, верасе а ца хоьттуш СаIудийн паспорт даккха а.

Кхаарин дийнахь арадевлла указаш зорбане дехира хIора кIиранах арадолчу пачхьалкхан официалан Ум аль-Кура газетехь. ПIераскан дийнахь министрийн кабинето дIахьедар дира, керла кепаш болх бан йолалур ю Марсхьокху-бутт чекхболуш аьлла.

Паччахь хIуттур волчу принца бен Салман Мухьаммеда гIортор йина махкахь цхьамогIа хийцамаш барна. Цо кхочуш ян юьхьарлаьцна ю боккха чулацам болу экономикан реформийн план, дуккха а зударшна болх бан меттигаш схьайоьллур йолу. Принц Мухьаммед вара стохка зударшна машен лело бакъо яла еза аьлла низам тIеэцийтинарг а, махкахь кинотеатрш схьаеллийтинарг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG