ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пентагон: Иракъехь а, Шемахь даIиш когахIуттуш ю


"Исламан пачхьалкх" шех олу организаци Иракъехь а, Шемахь а шен къайлаха маша чIагIбан йолаелла аьлла, рапорт арахецна Пентагонан инарла инспекторо Файн Гленна. Цунна хетарехь, 18 эзар стаг вовшахкхетта хила тарло церан гонашкахь. Ишта Файна дийцарехь, террорхой чIагIбаларан бахьана ду, оцу регионехь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман контингент лахъелла хиларца.

"Исламан пачхьалкх" тобанхойн идеологи яьржина, Вашингтонан агIончийн карахь йолчу Шемарчу территори тIерчу Ал-Хол олучу мухIажирийн куьпахь а.

Стохка ГIуран-баттахь Iамеркан президенто дIакхайкхийра шайн пачхьалкхан эскарш Шемара арадаха доло деза аьлла. ТIемалошна тIехь толам баккхарца бина сацам бу иза элира Трамп Доналда. Цуьнца реза воцчу тIеман министро Мэттис Джеймса шегара дарж охьадиллира. ТIаьхьо Пентагонерчу лакхарчу даржхоша бертавалийра Трамп, эскархойн цхьа дакъа Шемахь дитийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG