ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнах а, Кадыровх а илли даьккхина хилла Токарев Виллис


Шансонье Токарев Вилли
Шансонье Токарев Вилли

Ша валале хьалха Iамеркан а, оьрсийн а шансоньес Токарев Виллис илли даьккхина хилла Нохчийчоьнах а, республикан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах а. Инстаграмерчу шен пена тIехь зорбане даьккхина илли Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата, яздо "URA.RU" хьостано.

"ХIара самукъане Нохчийчоьнах а, Кадыров Рамзанах а композици Токаревн хIусамнанас яийтина суна, шен цIийнден дог детталучуьра ма сецци", яздина политико инстаграмехь. Республикан урхалле веачхьана Кадыровн кхиамех ду и илли боху цо.

"Соьлжа-гIалахь синтарш дийнарг, машаре сатийсинарг, Нохчийчоь ларийтинарг мила ву? Кадыров Рамзан!" – дешнашца илли олу Токарев Виллис.

Музыкехь йоккха лар йитина Токаревс аьлла, лаккхара мах хадийна Умаровс цуьнан кхоллараллан. Ша цуьнан фанат вацара, делахь а, жима волуш шен доттагIашца цуьнна иллешка дукха ладийгIина ву ша аьлла министро.

Кху беттан 4-чу дийнахь кхелхина 85 шо долу иллиалархо Токарев Вилли. ТIаьххьарчу кIиранашкахь Москварчу онкологин дарбан цIийнехь Iиллинера Токарев.

Гоьяевллачу дуккхаъчу иллийн автор ву иза, ишта кинош чохь ролаш ловзийна а ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG