ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Свердловскехь набахтехь волчу нохчочо мацаллин протест юкъахъяьккхина


ШИЗО чуьра араваьккхинчу Нохчийчоьнан 35 шо долчу вахархочо Саюпов Рустама мацаллин протест юхаяьккхина аьлла, хаамбина цуьнан нанас Батырова Розас. "Саюпов ШИЗО-ра араваьккхина селхана, амма тахана Екатеринбургерчу цхьахйолчу дарбан хIусаме охьавиллина иза чожна операци ян дезарна", - аьлла, дийцина тутмакхан нанас "Кавказ.Реалии" портале. Ишта кIентан аьтто хилла шен гергарчаьрца зIене вала а. Байначу беттан 26-чохь дуьйна хIума кхалла волавелла иза.

Карладоккху, ши тутмакх Саюпов Рустам а, Ленивых Юрий а гIуда тухучу изолятор чу воьллинера, шайна лоьрийн дарба кхачор тIедожийначул тIаьхьа.

"Шайн могушалла ялхош хиллера цу шиммо, шаьшиъ дарбан цIийне вига бохуш. Кхана, лама вуьгур ву бохуш, сихо еш ца хиллера набахтен хьаькамаша. ТIаккха цара аьрзнаш яздича, кхарна кхерамаш тийсина хиллера. Кхи дан хIума ца хилча ШИЗО чу хьажийнера и шиъ, тIаккха мацалла дIахьейира Саюповс а, цуьнан накъосто а", - дийцина Саюповн нанас.

13 шо а ду Саюпов набахтехь хан тохкуш волу, 2021-чу шарахь маьршавоккхур ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG