ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчаша Оьрсийчоь къарйина денош


Саидов Тимур

1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь нохчийн тIемалоша гурашка лецира Соьлж-ГIала, массо тайпа герз карахь лаьтта Оьрсийчоьнан тIеман дакъош. Ичкерин бIаьхоша шаьш цIеххьана болийна "ЖихIад" болам берзийра толамца, ткъа толам тIечIагIбира Хасу-Юьртахь бинчу бертаца.

Шатайпа ницкъ бустар, таронаш зер дара бIаьстенан Зазадоккху-баттахь Ичкерин эскар Соьлж-ГIаларчу Кремлан ницкъашна тIелатар. Оцу тIеман барамо довзийтира нохчашна мостагIчуьнгара хьал, аьтто бира мехкан коьрта шахьар муха юхаерзон еза кхета.

1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь, Iуьрре, йолийра тIеман баьччас Масхадов Аслана "ЖихIад" операци. Массех агIор гIаличу баьржира бIаьхой. Шахьарна 30 чаккхарма юьстах, Шелан кIоштарчу Цоци-Эвлахь бара нохчийн эскаран куьйгалхой.

Соьлж-ГIала "Джихад" операци йоьдуш. Марсхьокху-бутт, 1996 шо
Соьлж-ГIала "Джихад" операци йоьдуш. Марсхьокху-бутт, 1996 шо

"Кавказ.Реалиига" Ичкерин ТIеман Ницкъийн Коьртачу штабехь информацин декъан куьйгалхо лаьттинчу М.В.-с дийцарехь, 887 стагах лаьтташ хилла ГIаличу еана тIемалойн тоба. Царна хьалха Iалашо хIоттийна оьрсийн дакъош гонелецар. Оцу некъо толам бала тарло бохучух тешар вацара цхьа а – амма дуьне а цецдаьккхира тIаьхьо Масхадов Аслана а, цуьнан гоно а кечйинчу, аьттонца йирзинчу операцино.

"ЖихIадан" башхалла иштта яра: Соьлж-ГIалин массо а йистошка дIасабекънера тIемалой. ХIора а тобан бара шенна къастийначу меттиге боьду некъ, шахьарна гонах лаьттачу оьрсийн эскарех юьстах. Дозанехь Iачу блок-посташна тIе ца леташ, гIалин юккъе баьржира Ичкерин ницкъаш, тохарш долийра штабашна тIе.

ТIемалойн цхьана декъо ларбора Хан-ГIалара некъаш, арадовла тарлучу дакъошка дIалацийта йиш яцара гIалин юкъ. Иштта тергалдора Масхадовн бIахоша Теркйистера а, Гуьмсера а оьрсийн эскарш шахьара дахка тарлуш долу некъаш а.

Оьрсийчу дIахьовсош бу лазийна эскархой. Марсхьокху-бутт, 1996 шо
Оьрсийчу дIахьовсош бу лазийна эскархой. Марсхьокху-бутт, 1996 шо

ТIемалочо М.Ч.-с дагалоьцу шен тобанна хIоттийна хилла Iалашо: гIалин юккъерчу дакъошка гIо хьош яха мега техника лардеш, къайлабевлла Iар, гучу мел довлучу эскаршна тIе герз тохар. Цо дийцарехь, Хан-ГIалара эскарш массийттаза гIоьртина шахьарна юккъерчу дакъошка кхача, хIоразза а тIамца юхадохуш лаьттина иза декъахь волу тоба.

Гуьмсе, тIех дуьхьало ца еш, дIатесна Оьрсийчоьнан дакъоша. Устрада-ГIалахь цхьана ханна карахь латтийна цара комендатура а, 101-чу бригадин 303-гIа батальон чутарйина "Пищемаш" а, амма и ницкъаш меттах ца бовлуьйтуш, шайн-шайн каппашкахь къевлина латтийна нохчийн тIемалоша, меттахйолу техника а, эскархой а хIаллак а беш.

Хасу-Юьрт, Нохчийчоьной, Оьрсийчоьной бертан кехат тIечIагIдеш
Хасу-Юьрт, Нохчийчоьной, Оьрсийчоьной бертан кехат тIечIагIдеш

Масхадовн эскар гIаличуьра арадала деъна доцийла кхетта махкахой. Ичкерин къовсамехь буьйлу аьттонаш а гуш, дуккха а "маьршачу" ярташкара тIебаьхкина кегийрхой. Баккхий тIемаш лаьттира Соьлж-ГIалин комендатурина гонах, къайлахчу сервисаш лаьттачу каппашкахь, аьчка некъан станцехь а.

Масхадовн тактикехь нохчийн тIемалошна пайда бохьуш дара уьш мостагIчун дакъошна ма-хуьллу герга бахана Iар, тIеман майданаш гатъяр – кеманашца, беракеманашца, танканашца дан гIо дацара, цара хIаллакбан тарлора шайн, Оьрсийчоьнан, ницкъаш.

Массех де-буьйса даьккхира нохчийн гонашкахь Оьрсийчоьнан тIеман дакъоша. Оцу юкъанна ца хеддаш барт буьйцуш Iара ший а агIо. ТIаьххьара а оьрсийн инарлаш реза хилира, шайн дакъош дийна а дуьсуш, гIала мукъаяккха, дIагIо, аьлла, Масхадовс дина буьйр кхочушдан. ЦIеххьана шайна хиллачу эшамо эгIийначу эскарша, Кремлера, я Хан-ГIалара, Мазалкера омра кхачаре а ца хьоьжуш, шайггара сацамаш бора сихха нохчийн мохк бита, республикера арадовла.

Делахь а, Нохчийчоь дIатаса инарлаш резабинарг дара тIемаш бан мел дуьйладелла шайн дакъош нохчаша каде, чехка хьаьвзий, эшош гар.

ТIаьххьара а Кремль юкъаюьйлира бертан къамелашна. Цо векал а вина, махка хьажийра инарла Лебедь Александр. Лебедь кхийтира Соьлж-ГIалахь лаьтта Оьрсийчоьнан тоьлла дакъош нохчашка хIаллак ца дайта, кIелхьардаха цхьа некъ бен боцийла – сихха тIом чекхбаккхар, барт лахар. Иштта йолийра Масхадов Аслана а, Лебедь Александра а бертан юьхь.

Нохчийн эскар Соьлж-ГIаличу доьссина 25 де даьлча, Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочо, президентан хьехамчас Лебеда а, Ичкерин Эскарийн Коьртачу Баьччас Масхадовс а куьйгаш яздира кечдинчу машаран кехаташна буха. ТIом сецира, аьлча а, чекхбелира оцу дийнахь. (Материал зорбанехь хилла 2019-чу шеран Марсхьокху-беттан 7-чу дийнахь).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG