ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъаралло $331,5 миллионна гIо дийр ду мацалла хьоьгучу Зимбабвен бахархошна


Зимбабве гуманитаран гIо дахьа кечлуш ду Беларусин кема.
Зимбабве гуманитаран гIо дахьа кечлуш ду Беларусин кема.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло шинарин дийнахь 331 миллион 500 эзар долларе алсамбаьккхина, миллионаш адамаш а леш, хIоьттинчу йоькъах Зимбабвена хьалха яла ша дийр долчу гIо-накъосталлан барам, хаам бо Reuters агенталло.

Йокъо хIоттарна хьаьчкIийн ялта а лахделла цу махкахь шозза. Цуьнан бахьана ду Кариба электростанцехь IаьIна хи кIезиг хилар. Ткъа цо шен агIор лахдина ток яккхар.

Йокъо хIоттар доьзна ду Зимбабвен бахархой кху тIаьхьарчу 10 шарахь уггар кIорга экономикан кризис ловш хиларца. Адамашна уггар хьалха оьшу шекар а, хIун даьтта а, дуга а санна долу сурсаташ цу махкахь Мангалан-баттахь дуьйна дазделла шозза сов. Ткъа цо алсамъяьккхина инфляци 175,66 %.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Дерригдуьненан кхачанан программан директоро Бизли Дэвида дIахьедар дина, Зимбабвен эвланийн кIошташкахь веха 2 миллион 300 эзар сов стаг сихха кхачанца гIо оьшуш хиларх лаьцна. ТIедогIучу шарахь Зазадоккху-бутт тIекхаччаллалц йолчу ханна мацалла хьоьгучу нехан терахь алсамдала мегаш ду боху цо 5 миллион 500 эзар стаге.

Iедалша ларарца, гIаланашкахь веха 2 миллион 200 эзар стаг а ву кхачанца гIо дан оьшуш. Цу кепара, цу махкахь верриг а кхачанан сурсаташца гIо дан дезачу нехан терахь ду 7 миллион 700 эзар стаг.

331,5 миллион доллар дойур ду кхачанца гIо дан а, хица кхачо ян а, санитарин хьашташна а, ткъа иштта бохам ловш болчу доьзалшна кара ахча дала а.

"Вай дуьйцурш баккъалла а мацалла хьегаран новкъадевлла адамаш ду, нагахь вай кхузахь царна гIо ца дахь", - кхайкхам бинаа Бизлис дипломаташка а, гIо даран агенталлийн векалшка а, Iедалан белхахошка а, Зимбабвено гуманитаран гIо доьхуш дуьненаюкъарчу доноршка дехар дарца доьзна.

Хьалхо мацаллана дуьхьал латта 294 миллион доллар дехнера Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло, амма йокъо хIоттаран тIаьхьалонаш чолхе хиларна цунна эшна кхин а алсам харж яр.

Зимбабвен президенто Мнангагва Эммерсона шинарин дийнахь дIахьедар дина, йокъо къоман ирча бохам бу аьлла.

Зимбабвен президент Мнангагва Эммерсон
Зимбабвен президент Мнангагва Эммерсон

2017-чу шарахь Iедал керчира Зимбабвехь. Дукха хенахь дуьйна цу махкана урхалла деш хилла Мугабе Роберт дIаваларо беана сатийсам а, хазахетар а долу-долууш дIадирзира сабӀарздаларца. Бахьана дара президент Мнангагва гIорасиз хилар экономика денъян а, ладаме политикан реформаш йоло а.

Экономикан хьал ледар хиларна реза боцу нах алсамбовлуш а болуш, коьртачу оппозицин партино дIахьедар дина, тIедогIучу кIиранах урамашкахула демонстрацеш дIаяхьа дагахь ду шаьш Iедалан экономикан политикан дуьхьал аьлла, хаам бо Reuters агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG