ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БIе гергга стаг лазийна Кабулехь динчу эккхийтарехь


Кхааридийнахь ОвхIанистанан коьртачу шахьарехь Кабулехь полисхойн машенчохь динчу эккхийтарехь чевнаш йина 95 стагна аьлла, хааме даьккхина меттигерчу Iедалхоша. "Талибан" боламо жоьпалла шайна тIелаьцна, тIелетта Iожалхо шайн стаг вара, шаьш гIакх лаьцнарг "керла бIахой дIаоьцу центр" яра аьлла.

"Лазийна йа байина дуккха а тIемалой а, полисхой а болчух тера ду", - аьлла ду даржийначу дIахьедарехь. Цкъачунна билггал хууш дац, Кабулан малхбузехь Iуьйранна хиллачу инцидентехь байинарш буй. Дийцарехь, тIелатар дина Кабулан полицин ялхолгIачу декъан территори тIе воллучохь. КПП-н декъа хьалха машен сецначул тIаьхьа цу чуйоьллинарг иккхина хилла аьлла ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-секретаро Рахьими Насрата.

И дерриг гинчара дийцарехь, эккхийтар хиллачул тIаьхьа герзаш девлла хилла. Могушаллин министраллан векало дIахьедина, дарбан хIусамашка чевнашца 34 стаг валийна аьлла. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташна а, тIалибашна а юкъахь бертан дийцарш дIахьочу юкъанна дина ду тIелатар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG