ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламаш лелийна аьлла, Нохчийчуьра а, Эрмалойчуьра а кегийрхой лецна Полшехь


Полшин радиостанцин хаамна тIе а тевжина, "Новости" агенталло яздо Краковехь оршотдийнахь меттигерчу футболан фанаташца хиллачу тасадаларшкахь карабаьхкина Оьрсийчоьнан бахархой лаьцна битарх. Маршо Радионо яздира, Краковехь леттарш кавказхой бу аьлла, зорбанашкахь информаци яржарх. Оьрсийчоьнан консулаллана къаьстина, лаьцначарлахь 10 стаг шайн вахархо вуй.

"Полицино оршотдийнахь Краковечру МI йохка-эцаран центрна уллохь лаьцначу 26 стагах 24 кхело чохь сацош ву",- аьлла бу хаам. Шиъ лацанза витина, церан доьзалехь а, могушаллица а проблемаш хиларна.

Полшин радиостанцин информацица, лецначарна дуьхьал бехкаш даьхна: герзах йоьттина зуламан тоба вовшахтохарна а, лета гIертарна а, бакъо йоцуш герзаш лелорна а, баккхийчу барамашкахь наркотикех пайдаэцарна а. Ишта цаьргара яьккхина бIаьргаш Iовжон газ а, герз а, уьрсаш а, дагарш, бейсболан битанаш а аьлла, Iорадаьккхина хаамехь.

Къаьстина, лецначарех уггар жимчун 19 шо хилар а. Царех шиъ полшхо ву, шиъ Нохчийчуьра схьаваьлла Полшин вахархо ву, бисинарш Нохчийчуьра а, Эрмалойчуьра а нах бу.

Царех цхьаберш бакъо йоцуш бехаш хилла Полшин дозан тIехь, вукхеран цхьана ханна пачхьалкхехь Iен бакъо хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG