ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра дешархой декхаребина "кара герз а эцна", "Оьрсийчоьнан дуьхьа эга"


Оьрсийчуьрчу школашкахь кху дешаран шарахь дуьйна лахарчу классашкахь Iамо буьйлалур бу Оьрсийчоьнан Конституци байташкахь, яздо "Известия" газетано. Федерацин Кхеташонан а, Оьрсийчоьнан юристийн Ассоциацин а, "Стратегия будущего" фондан а, меттигера юкъараллаш кхиочу Институтан векалша а юкъахь арахецна лерина дешаран жайна.

"Стратегия будущего" фондан вице-президенто Семикин Антона дIахьедина, книгин авторша "шайн терго тIехьажийна оьрсийн пачхьалкхан а, юкъараллан а бух буьллучу мехаллашна"а, ишта "Конституцин хьалхарчу а, шолгIачу дакъошкахь хьахийначу бакъонна а, маршонна" а аьлла.

Жайни юкъара месех дакъа далийна "Известия" газетано, доккхачу декъанна, бIахочун декхарх лаьцна ду уьш, книга 8 шарера 14 шаре бовллалц долчу берашна хьехна елахь а.

Маршо Радионо гоч ца деш, ма хиллара, оьрсийн маттахь даладо дешнаш:

Когда в твоей защите будет

Нуждаться Родина твоя,

Рука агрессора нависнет,

Сгустятся в небе облака,

Ты на её защиту встанешь

И в руку ты ружьё возьмёшь

И будешь защищать Россию,

А может, за неё падёшь.

Ишта книга арахецначара яздина берашна лерина, шен ненан маттах пайдаэца йолчу бакъонех а:

Теперь война на Украине,

Где русских тоже много есть,

А им язык их запретили

И разожгли войну и месть.

Билгалдаьккхина, "оьрсийн пачхьалкхан а, юкъараллан а бух буьллучу мехаллех" лерина суьрташ дехкинарш профессионалан суртдиллархой ца хилар. "Нагахь санна, со президент хилча" аьлла, кху бIаьста Оьрсийчоьнан школашкахь дIаяьхьначу конкурсехь дакъалаьцначу берийн суьрташ ду вовшахтоьхнарш.

Киги тIехь масалшца гайтина адамийн бакъонаш хьешарх ситуацеш. Масала, цхьогало котамаш яйина олий, цунна харц бехк биллина, оьпа кхеле хIоттайо, ткъа хьозан буьна шен хIоаш дехкинчу бухIанера ненан бакъо дIайоккху.

Оьрсийчоьнан Конституцин комиссин жоьпалле волчу секретаро Румянцев Олега тIечIагIйина авторша арахецна книга.

XS
SM
MD
LG