ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" клуб дуьхьал ю стадионашкахь йий дохка


Соьлжа-гIаларчу "Ахмат" клубан вице-президенто Айдамиров Ахьмада дIахьедина, стадионашкахь шайн клубо йий духкур дац аьлла. Байначу баттахь пачхьалкхан Думан ЛДПР-н цIарах депутаташ болчу Лебедев Игора а (Жириновский Владимиран кIант), Свищев Дмитрийс а (керлинган Федерацин президент) парламенте низаман прект кховдийра, Оьрсийчоьнан стадионашкахь йий дохкар магор хьоьхуш.

2005-чу шарахь "Йий маларехь а, дохкарехь а дозанаш тохар" аьлла, Федералан низам тIеэцчхьана стадионашкахь духкуш дацара йий.

"Тхан стадионехь йий духкур дац, кхечу клубаша шайна хеттарг де", - аьлла, комментари йитина Айдамировс хьаькамийн инициативех лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG