ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а ГIиргIазойчоьнан хилла президент лаца гIерта полици


Бишкекна гена йоццучу Кой-Таш эвларчу пачхьалкхан хиллачу президентан Атамбаев Алмазбекан хIусамехь иза лаца гIерта ГIиргIазойчуьра нницкъаллийн структураш. Кхул хьалха цуьнан агIончаша новкъарло йира полисхошна экс-президент лацийта. Оцу дийнахь хиллачу тасадаларшкахь вийна спецназан белхахо, лазийра 52 стаг. Маршо Радион гIиргIазойн Азаттык сервисан корреспондент ву оцу меттигехь.

2013-чу шарахь бехкзуламан гIуллакх тIехула хан токхуш волу тутмакх, криминалан авторитет Батукаев Iазиз харцонца набахтера араваккхар толлуш теш санна тIеозийнера Атамбаев. Лаца гIортале хьалха бехкзуламан гIуллакх диллинера цунна дуьхьал, иза бехкеллех а ваьккхина. Кхаарин суьйранна Кой-Таш эвларчу политикан хIусаман го лаьцнера спецназо, иза лаца Iалашонца. Амма экс-президентан агIончаша дуьхьало йира царна.

Болчу хаамашца, еаридийнахь полисхоша юха а голаьцна хиллачу ппезидентан цIенна. Полицин цхьана декъан уьйтIа бахка аьтто хилла, Атамбаевн агIончаш дIаса а тоьттуш. БIаьргаш Iовжон газ а хецна полисхоша.

  • 2011-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц ГIиргIазойчоьнан урхаллехь лаьттина ву Атамбаев Алмазбек. Харжамаш боьлхучу юкъанна иза тIехIоьттинера хIинца куьйгаллехь волчу Жээнбеков Сооронбойна. Амма Iедал кхийцаделлачул тIаьхьа цу шинна юкъахь конфликт иккхира. Цул тIаьхьа дуьйна Атамбаев а, Жээнбеков а юкъах волчу ГIиргIазойчуьрчу Социал-демократин партин декъашхой бекъабелира: цхьаберш хиллачу президентехьа а, вуьйжуш хIинца волчуьнгахьа.

XS
SM
MD
LG