Соьлжа-гIаларчу "Мемориал" офисан белхахо Эстемирова Наталья йийна 10 шо кхачарна Москвахь хIоттийначу акцехь дакъалаьцначу "Новая газетан" журналистна Милашина Еленина 15 эзар сом гIуда тIедожийна кхело. "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочуьнца Черкасов Александрца а, "Гражданское содействие" комитетан хьалханчаца Ганнушкина Светланица а байначу беттан 15-чохь Москварчу ЦIечу майданахь Эстемирова дагалоцуш пикет хIоттийначул тIаьхьа дIалаьцнера Милашина а.
Полисхоша маьрша битира уьш, административан гIуда а хьарчийна. Черкасовна 10 эзар сом, Ганнушкинна 150 эзар сом охьадилла декхаре бира. Шайн гIуда тохарна латкъамбийр бу аьллера бакъонашларъярхоша.