ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIазойн лаьцна экс-президент чохь вуьтуш ву кхело


Еаридийнахь дIалаьцна ГIиргIазойчоьнан хилла президент Атамбаев Алмазбек кхелан сацамца чохь сацийна кху беттан 26-чу дийне кхаччалц аьлла, хааме даьккхина ТАСС агенталло, цуьнан адвокато Слесарев Сергейс дийцарца. Криминалан авторитет Батукаев Iазиз харцонца араваккхар толлучу юкъанна бехкаш дехкина Атамбаевна. Пачхьалкхан къоман кхерамзаллан изолятор чу воьллина лаьцнарг.

Иза дIалоцуш шина дийне яхъеллачу операцехь велла цхьа стаг, лазийнарг ву 85 вахархо.

Экс-президент бехкево коррупци лелорна а, Iедал бакъо йоцуш шен доладерзорна а, криминалан структурашца уьйраш латторна а, ишта кхи долчунна а. Шена дуьхьалдаьхна бехкаш бух боцуш лерина президент лаьттинчо.

XS
SM
MD
LG