ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу клиникехь протез юьллур ю куьг дIадаьккхинчу гIалгIайн йоIана


ГIалгIайчуьрчу дейишас йиттина Москварчу Рошал Леонидан клинике ялийначу 7 шо долчу Ажигова Iайшатан дIадаьккхинчу аьтту куьган метта протез хIоттор ю шаьш аьлла, дIахьедина дарбан цIийнан президенто Рошала. Кхааридийнахь лоьраша операци йина берана аьтту куьг дIа а доккхуш. ТАСС агенталлан информацица, операци дика лайна йоIа, лоьраша кхачо йоллу терго ю цунна тIаьхь латтош.

"Хан оьшу… Ши кIира гергга хан", - аьлла клиникан президенто. Цул тIаьхьа кечлур бу уьш, Iайшатан дIадаьккхинчу куьган метта протез хIотто.

Маршо Радионо хьалхо хаийтина ма-хиллара, кху беттан 4-чу дийнахь кхачийна Ажигова Iайша Несарарчу дарбан цIийне, дегIа тIехь дуккха а чевнаш йолуш. Де даьлча кеманца йигина Москох.

Оьрсийчоьнан талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхаллан белхахочо бехккховдийна 35 шо долчу Ганиева Макке, цо 7 шо долчу шен вешин йоIан Ажигова Iайшатан могашалла вуно талхорна.

"Таллам беш гучудаьлла, 2018-чу шеран Лахьан баттахь дуьйна 2019-чу шеран Товбеца-беттан 3-хь дийне кхаччалц ГIалгIайчуьрчу Соьлжахь ехачу Ганиевас хаддаза доьхка а, маршан кийсаг а йиттина хилар йоIан коьртах а, дегIах а", - аьлла ду Талламан комитетан хаамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG