Лоллана дуьхьало латточу "Альтернатива" боламан лидер Мельников Олег вайна Шемахь. Некъ гойтуш хьалхабевллачаьрца цхьана кху беттан 7-чохь Йоккха Идлиб олучу провинце вахначул тIаьхьа зIенера ваьлла иза аьлла, хаамбина РБК агенталло, бакъонашларъярхочун гIоьнчан Ваганов Максиман информацина тIе а тевжина.
Дийцарехь, зIене бовла беза кхо раж тIехтилийтина Мельниковс а, цуьнан тобано а. Цул тIаьхьа сацамбина, волонтераш барах хаам баржон. Йоккха Идлиб провинцехь, Шемарчу Iедалхойн карахь йоцчу территори тIехь дех-ненах хедда бераш схьалоьхуш хилла "Альтернативан" тоба.
Официалехь Димаьшкъан пурбанца болх беш хилла волонтераш Шемахь аьлла, дийцина Вагановс. 2011-чу шарахь вовшахтоьхна ю "Альтернатива" тоба. Адамаш духкучаьрца къийсам бу цара латтош, доккхачу декъанна.